bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 16
Romans 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
1
Аса шуьга дӀахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гӀаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гӀоьнча ю.
2
Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тӀеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тӀехь гӀо а дейша, хӀунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гӀо дина цо.
3
Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана гӀуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а.
4
Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и.
5
Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву.
6
Маршалла ло шун дуьхьа чӀогӀа къахьегна йолчу Мареме а.
7
Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу.
8
Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Ӏампале.
9
Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а.
10
Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тӀехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цӀийнах болчаьрга.
11
Маршалла ло сан къомах волчу ХӀарудига. Маршалла ло Нару-Касин цӀийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга.
12
Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю.
13
Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гӀуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а.
14
Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХӀермига а, Пата-Рубе а, ХӀармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а.
15
Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а.
16
Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша.
17
Динан вежарий, аса чӀогӀа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гӀертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна.
18
ХӀунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх ца до. Цара шайн гайна гӀуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцӀена долу адамаш Ӏехадо цара.
19
Хазачу кхоана шун муьтӀахь хилар массарна а гӀарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна — хьекъалалла долуш, ткъа вочунна — догцӀена долуш.
20
СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.
21
Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гӀуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а.
22
Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хӀара кехат дӀаяздинчу Тертис.
23
Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тӀеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гӀалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а.
24
***
25
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.
26
И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама.
27
Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула! Амин.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16