bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 2
Romans 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 3 →
1
Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.
2
Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла.
3
Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?
4
Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх?
5
Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
6
Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.
7
Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.
8
Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.
9
Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
10
Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
11
ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.
12
Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю.
13
ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу.
14
Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а.
15
Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху.
16
Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь.
17
Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа.
18
Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо.
19
БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.
20
Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира.
21
Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа?
22
Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те?
23
Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа?
24
Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».
25
Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву.
26
Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа?
27
Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг?
28
ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу.
29
Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар — йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16