bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Romans 9
Romans 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
1
Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна:
2
Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь.
3
Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу
4
исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.
5
Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье — уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
6
Ша йина чӀагӀо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамӀ дойла дац, хӀунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой.
7
Дала ИбрахӀим а, цуьнан тӀаьхье а къастийна елахь а, ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю».
8
И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен.
9
ХӀунда аьлча Дала дина ваӀда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогӀур ву, тӀаккха Саратан кӀант хир ву».
10
И хилла а ца Ӏа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кӀант а волуш, берах йолчу хенахь.
11
11-12 Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». И ши кӀант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Ӏалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Ӏалашо. Динчу гӀуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза.
12
***
13
Делан Йозанаш тӀехь яздинчуьнца догӀуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Ӏесав ца вийзира».
14
ХӀун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац!
15
ХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
16
И бохург хӀара ду: стеган лааме я цо гӀуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг.
17
Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирӀуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дӀахӀоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тӀехь массо а адамашна Сайн цӀе йовзийтархьама а».
18
Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
19
Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Ӏалашонна дуьхьал?»
20
Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хӀумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хӀунда йина ахьа?»
21
Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегӀа лараме долчу гӀуллакхна, ткъа важа пхьегӀа ларамаза долчунна ян?
22
Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо.
23
И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера.
24
Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду — жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Ӏаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а.
25
ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах — „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а — „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
26
„Шу сан халкъ дац“ — баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, — бохур ду цаьрга».
27
Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац.
28
ХӀунда аьлча лаьтта тӀехь дехаш долчу адамашна ян йогӀу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю».
29
ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара, Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».
30
ХӀун эр вай хӀинца? Вайна хӀара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар.
31
Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало.
32
Ткъа хӀунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гӀуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тӀулгах» тасабелира уьш,
33
Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тӀулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16