bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 1
2 Kings 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 2 →
1
Ахьаб-паччахь веллачул тӀаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гӀаьттира.
2
Ахьаз-ЯхӀу-паччахьна, Шамран-гӀалахь долчу шен цӀенойн лакхарчу цӀийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гӀой, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубе хатта: „ХӀокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ — алий».
3
ТӀаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхӀуга элира: «Вало, хьала а гӀаттий, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, исраилхошна тӀехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гӀой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХӀунда доьлху шу Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-деле БаӀал-Забубе хаттар дан?
4
Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхӀу-пайхамар и дӀаала вахара.
5
Бахийтинарш Ахьаз-ЯхӀуна тӀе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хӀунда дирзи?»
6
Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тӀе юхадерза. Аша цуьнга дӀаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хӀунда бохуьйту Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубина тӀе хаттарца? Цундела хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».
7
Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТӀехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»
8
Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».
9
Шовзткъе итт тӀемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхӀуна тӀе. Иза Эли-ЯхӀуна тӀевахара. Ткъа Эли-ЯхӀу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхӀуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».
10
Эли-ЯхӀус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Юха, стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.
11
ТӀаккха паччахьо кхин а цхьа тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а вахийтира Эли-ЯхӀуна тӀе. Оцу тӀемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»
12
Эли-ЯхӀус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.
13
ТӀаккха кхозлагӀа а вахийтира паччахьо тӀемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца. Цо, лома тӀе хьала а ваьлла, Эли-ЯхӀуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тӀемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа!
14
Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цӀеро сол хьалха схьавеана волу тӀемалойн ши хьаькам, хӀорра а, шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца цхьаьна дӀакхаьллина. Амма сох хӀинца къинхетам бахьара ахь!»
15
Везачу Элан Малико Эли-ЯхӀуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀагӀо цуьнца». ТӀаккха Эли-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, тӀемалойн хьаькамца паччахьна тӀевахара.
16
Эли-ЯхӀус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-далла БаӀал-Забубина тӀе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Ӏуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву хьо“».
17
Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.
18
Ахьаз-ЯхӀу-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25