bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 10
2 Kings 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 11 →
1
Ахьабан Шамран-гӀалахь кхузткъе итт кӀант вара. ЯхӀус, кехаташ а яздина, Шамран-гӀалахь болчу израӀалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчаьрга а дӀасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара:
2
«Шу долчохь шун олахочун кӀентий бу, шуьгахь гӀудалкхаш а, дой а, чӀагӀо йина гӀала а, герз а ду. Цундела хӀара кехат шайга дӀакхаьчча,
3
аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кӀант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гӀанта тӀе а хаавай, шайн олахочун цӀийнан агӀор дӀа а хӀоттий, тӀом бе».
4
Цара, чӀогӀа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хӀун дийр дара?»
5
Паччахьан цӀийнан хьаькамо а, гӀалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчара а ЯхӀуна тӀе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хӀоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа».
6
ТӀаккха ЯхӀус шозлагӀа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кӀентийн кортош тӀера а дахий, кхана хӀоккху хенахь со волчу ИзраӀал-гӀала схьадуьйла». Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кӀант вара. Церан дола а деш, царна тӀехьожуш гӀалара тоьлла хьолахой бара.
7
Шайга и кехат дӀакхаьчча, цара, паччахьан кӀентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраӀал-гӀала ЯхӀуна тӀе дӀадахьийтира.
8
Геланчо ЯхӀуга хаам бира: «Паччахьан кӀентийн кортош схьадеана», — аьлла. ЯхӀус элира: «Царах ши хола а яй, Ӏуьйре тӀеяллалц кевнехь шина а агӀор охьадахкий, дита уьш».
9
Ӏуьйранна ЯхӀус, ара а ваьлла, дӀа а хӀоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина?
10
ХӀинца дӀахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цӀийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхӀугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина».
11
Иштта ИзраӀал-гӀалахь Ахьабан цӀийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагӀий а, динан дай а хӀаллакбира ЯхӀус. Цуьнан тӀаьхьенах цхьа а дийна ца висира.
12
ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, Шамран-гӀала дӀавахара. Новкъахь, жаӀуй вовшахкхетачу Байт-Ӏекхад олучу меттигехь,
13
яхӀудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхӀус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?» «Тхо Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш ду. Паччахьан кӀенташка а, паччахьан ненан Изабалан кӀенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», — жоп делира цара.
14
ЯхӀус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дӀа а лаьцна, Байт-Ӏекхадан гӀунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира».
15
Цигара дӀавахча, шена дуьхьал вогӀу Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб гира ЯхӀуна. Маршалла а хаьттина, ЯхӀус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхӀу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дӀакховдийра. ЯхӀус иза шен гӀудалкх тӀе хьалаваьккхира.
16
Цо элира: «Соьца дӀа а волий, со Везачу Элана тӀевирзина хиларе хьажахьа». ЯхӀу-Надаб гӀудалкхана чу охьахиира.
17
Уьш Шамран-гӀала дӀакхаьчча, ЯхӀус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хӀаллаквира. Цо уьш, тӀаьхье а ца юьтуш, хӀаллакбина дӀабехира. Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а.
18
ЯхӀус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Ӏамал ца йора БаӀална, ткъа ЯхӀус цунна гӀуллакх дар совдоккхур ду.
19
БаӀалан массо а пайхамарш, массо а цунна Ӏамал еш берш, массо а цуьнан динан дай а, цхьа а схьаваза стаг а ца вуьтуш, схьагулбе суна тӀе, хӀунда аьлча аса доккха сагӀа доккхур ду БаӀална лерина. Ткъа схьа ца вогӀуш висинарг цхьа а дийна вуьтур вац». (ЯхӀус хӀилланца деш дара иза, БаӀална Ӏамал еш болу берриш а хӀаллакбархьама.)
20
ЯхӀус элира: «БаӀална лерина беза гулам хӀоттабе». Иштта дӀакхайкхийра гулам хӀотто безар.
21
Берриг а Исраил-махкахула дӀасабаржийра ЯхӀус и хаам. БаӀална Ӏамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогӀуш цхьа а ца висира. Уьш БаӀалан цӀа чу бевлира. И цӀа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира.
22
ТӀеюху бедарш ларъеш волчуьнга ЯхӀус элира: «БаӀална Ӏамал еш болчу массарна а тӀеюха бедарш схьая». Цу стага царна тӀеюха бедарш схьаеара.
23
Шеца Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб а вуьгуш, БаӀалан цӀенна чувелира ЯхӀу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гӀуллакх дечарах вуй те хӀокху чохь, хӀунда аьлча кху чохь БаӀална Ӏамал еш берш бен хила ца беза».
24
Иштта дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а даха БаӀал-цӀун цӀенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхӀус цӀенна арахьа везткъа стаг дӀахӀоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кӀелхьарвалахь, шен куьйга иза кӀелхьарвалийтинчун са оцу кӀелхьарваьллачун синан метта хир ду».
25
Дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхна чекхдевлча, ЯхӀус гӀаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гӀой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гӀаролхой а, хьаькамаш а БаӀалан цӀийнан чухуларчу чӀагӀйинчу чоьнна чубахара.
26
Цу чуьра цӀу-делан дечиган бӀогӀам ара а баьккхина, иза багийра цара.
27
Иштта кегбира БаӀална хӀоттийна тӀулг а, дохийра БаӀалан цӀа а. И меттиг хӀинца а цӀанонна воьду меттиг ю.
28
Иштта ЯхӀус исраилхошна юкъара БаӀална Ӏибадат дар дӀадаьккхира.
29
Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира ЯхӀу — Бетал-гӀалахь а, Дан-гӀалахь а деших дина долчу эсашна наха Ӏибадат дарна тӀера.
30
Везачу Эло ЯхӀуга элира: «Ахьа Суна хьалха бакъахьадерг доггах кхочушдина, Ахьабан цӀенна Сан дан безам болу гӀуллакх чекх а даьккхина, цундела хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш».
31
Амма ЯхӀу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тӀехь ца лелара. ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца вирзира иза.
32
Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тӀехь толам а баьккхина, йоккха кӀошт яьккхира цаьргара шен дола.
33
И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.
34
ЯхӀус динчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
35
ТӀаккха ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Ахьаз.
36
Ткъа ЯхӀус, Шамран-гӀалахь а Ӏаш, исраилхошна тӀехь паччахьалла дина хан ткъе бархӀ шо яра.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25