bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 12
2 Kings 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 13 →
1
Исраилхошна тӀехь ЯхӀус паччахьалла деш долу ворхӀалгӀа шо долуш, Юаш паччахь дӀахӀоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра.
2
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша.
3
Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза диснера, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
4
Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цӀенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча — ясакх санна хӀора стагана тӀера дӀадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваӀданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цӀенна луш мел долу ахча а.
5
ХӀора динан дас, Делан цӀийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цӀа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дӀа а тоеш».
6
Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгӀа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цӀа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хӀинца а тойина яцара.
7
Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхӀу-ЯдаӀ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цӀа чохь йоьхна йолу меттигаш то хӀунда ца йо аша? Аша кхидӀа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цӀа дӀатодарна бен».
8
ТӀаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дӀа ца эца. Везачу Элан цӀа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара.
9
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, цхьа гӀутакх схьа а эцна, цунна тӀехула агӀор херо а даьккхина, иза сагӀа доккхучу кхерчана аьтту агӀорхьа Делан цӀийнан керта чу воьддучу дӀахӀоттийра. Кертан неӀарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гӀутакх чу тосура.
10
Цу гӀутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза.
11
ТӀаккха и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран балхана тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гӀишлош еш болчарна а,
12
тӀулгаш дуттучарна а, тӀулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тӀулг а эцарна а, Везачу Элан цӀа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цӀа меттахӀоттош нислуш долчу массо а кхечу гӀуллакхашна а.
13
Делахь а, Везачу Элан цӀенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цӀенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегӀаш а.
14
Белхан куьйгалхошна дӀалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цӀа тодора.
15
Белхалошна дӀасадекъа ахча дӀаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хӀунда аьлча уьш тешаме нах бара.
16
ГӀуда такхаран а, къинан а сагӀанех долу ахча Везачу Элан цӀа чу ца дахьара — иза динан дайн долахь дара.
17
Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гӀалина дуьхьал тӀом а бина, иза дӀалецира. ТӀаккха Ярушалаймана тӀелата дагадеара Хьазиална.
18
Амма яхӀудхойн паччахьо Юаша, яхӀудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхӀушаптис а, ЯхӀурама а, Ахьаз-ЯхӀус а Везачу Элан цӀенна сагӀина мел деана хӀума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагӀина мел деана хӀума а, Везачу Элан цӀийнан а, паччахьан цӀийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дӀадахьийтира Юаша. ТӀаккха Хьазиал тӀе ца летира Ярушалаймана.
19
Юашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
20
ТӀаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра.
21
Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимӀатан кӀант Юзабди а, Шумаран кӀант ЯхӀу-Забди а. Юаш велира. Иза а дӀавоьллира шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25