bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 20
2 Kings 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 21 →
1
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
2
Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:
3
«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.
4
ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга:
5
«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо.
6
Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“».
7
ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира.
8
Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?»
9
ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»
10
Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта».
11
ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.
12
Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела.
13
Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг — дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а — герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира.
14
Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», — аьлла.
15
«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» — аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», — элира Хьузакх-ЯхӀус.
16
ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху:
17
„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, — боху Везачу Эло.
18
Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах».
19
Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» — бохуш.
20
Хьузакх-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Ӏомах а, цо лаьтта кӀелхула гӀали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна — дӀаяздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
21
Хьузакх-ЯхӀу а, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25