bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 3
2 Kings 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 4 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптис паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Ахьабан кӀант ЯхӀурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.
2
Йорам-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, шен дас а, шен нанас а дина хиллачу барамехь ца динехь а. Шен дас БаӀал-харцдела лоруш дӀахӀоттийна тӀулг хӀаллакбина дӀабаьккхира Йорама.
3
Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо кхидӀа а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.
4
Муабахойн паччахьан МешаӀан дуккха а жаш дара. ХӀора шарахь а цхьа бӀе эзар Ӏахар а, цхьа бӀе эзар койн тӀаргӀа а бохьуьйтура МешаӀ-паччахьо исраилхойн паччахьна.
5
Ткъа Ахьаб велча, муабахойн паччахь исраилхойн паччахьна дуьхьалвелира.
6
ТӀаккха Йорам-паччахьо, Шамран-гӀалара ара а ваьлла, массо а исраилхошна юкъара эскархой тӀамана схьагулбира.
7
Цо яхӀудхойн паччахьна ЯхӀушаптина тӀе нах бахийтира. Цуьнга иштта дӀаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогӀий соьца муабахошна дуьхьал тӀом бан?» ЯхӀушаптис жоп делира: «Дера вогӀу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ — хьан халкъ ду. Сан дой — хьан дой ду», — аьлла.
8
ЯхӀушаптис хаьттира: «ТӀамца муьлхачу новкъахула даха деза тхо?» «Эдоман яьссачу аренан новкъахула», — жоп делира Йорама.
9
Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхӀудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхӀ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тӀаьхьахӀиттина догӀучу шайна тӀехь кира дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира.
10
ТӀаккха исраилхойн паччахьо иштта элира: «Хьажахьа! Везачу Эло, вай кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийна-кх?»
11
ЯхӀушаптис хаьттира: «Везачу Элан пайхамарех цхьа а вац те кхузахь, цуьнгахула Везачу Эле хаттар дайта?» «Цкъа мацах Эли-ЯхӀу-пайхамаран ялхо хилла волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ ву кхузахь», — аьлла, жоп делира исраилхойн паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.
12
«Цуьнгахула Везачу Элера хаам хуьлу», — элира ЯхӀушаптис. ТӀаккха исраилхойн паччахь а, ЯхӀушапти а, эдомхойн паччахь а ЭлишаӀана тӀевахара.
13
ЭлишаӀа исраилхойн паччахье элира: «Сан хӀун бала бу хьоьца? Хьайн ден а, ненан а хиллачу пайхамаршна тӀе гӀо». ТӀаккха исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «ХӀан-хӀа! ХӀунда аьлча Веза Эла ма ву, тхо кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийнарг!»
14
ЭлишаӀ-пайхамаро элира: «Шена ас гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чӀагӀо йо аса, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агӀор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла.
15
Ткъа хӀинца схьавалавел суна тӀе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаӀах Везачу Элан куьг хьакхаделира.
16
Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху тогӀи чохь дуккха а саьнгарш яха“.
17
ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: „Шуна я мох баьлла, я догӀа догӀуш ца гушшехь, хӀара тогӀи хих юзур ю. И хи шуна а, шайна тӀехь кира кхоьхьучу дийнаташна а, шун хьайбанашна а мала хир ду“.
18
Амма Веза Эла иза дина Ӏийр вац, Цо муабахой а дӀалур бу шун кара.
19
Аша церан массо а чӀагӀйина йолу гӀаланаш а, массо а коьрта гӀаланаш а хӀаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тӀе тӀулгаш а кхиссина, талхор ду».
20
ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйренан сагӀа доккхучу хенахь, цӀеххьана, Эдомера схьабогӀучу новкъахула хи схьахьаьдира. Латта хих дуьзира.
21
Паччахьаш шайца тӀом бан арабевлла аьлла, дӀахезнера массо а муабахошна. Цундела тӀеман гӀирс лелалуш болу массо а нах, жимачунна тӀера воккхачунна тӀекхаччалц, схьагулбинера цара. Мехкан дозанехь дӀахӀиттийнера уьш.
22
Ӏуьйранна уьш хьалххе хьалагӀевттира. Хина тӀехула къеггина малх хьалабелира. Генна дӀахьаьжначу муабахошна и хи, цӀий санна, цӀен бос болуш тарделира.
23
Цара элира: «Иза цӀий ду. Паччахьаша, вовшах а летта, вовшийн хӀаллакбина хир бу. ХӀинца, муабахой, шу хӀонс схьаэца арадовла!»
24
Муабахой исраилхойн меттаматтана тӀебаьхкира. ХьалагӀевттина исраилхой, муабахошна дуьхьал а бевлла, царна тӀелетира. Муабахой исраилхойх дӀабевдира. Ткъа исраилхоша, муабахойн махка чу а бевлла, уьш байира
25
Исраилхоша муабахойн гӀаланаш хӀаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тӀе, хӀораммо а цхьацца тӀулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дӀахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гӀала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гӀалина го а бина, цунна а тӀелетира.
26
Шаьш эшош хилар гича, муабахойн паччахьо, эдомхойн паччахьна тӀеваха некъ баккха дагахь, карахь тур лелош волу ворхӀ бӀе тӀемало вигира шеца, амма уьш чекх ца бовлабелира.
27
ТӀаккха муабахойн паччахьо шел тӀаьхьа паччахь хила везаш волу шен кӀентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тӀехь шен далла лерина сагӀина вагийра. Оцу гӀуллакхо исраилхой чӀогӀа эргӀадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тӀе юхабирзира.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25