bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 7
2 Kings 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 8 →
1
ЭлишаӀа элира: «Везачу Элан даше ладогӀийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду“».
2
ТӀаккха паччахьо шен куьг тӀетовжош волчу тӀеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»
3
Шайна тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гӀалин кевнехь хиъна Ӏаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгӀуш, хевшина Ӏийна хӀун дийр ду вай?
4
Шамран-гӀалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Ӏийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гӀой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Ӏийр ду вай, ткъа дайахь — лийр ду».
5
Суьйранна арамхойн меттаматтана тӀебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара.
6
ЙогӀучу гӀудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догӀучу доккхачу эскаран гӀовгӀа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТӀаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тӀом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу».
7
МаьркӀажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дӀа а тесна, шайн синош кӀелхьар а дохуш, дӀабевддера уьш.
8
Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТӀаккха четар чуьра дети а, деши а, тӀеюха бедарш а, схьа а эцна, дӀа а бахана, и хӀуманаш дӀалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгӀачу четар чуьра а еза хӀуманаш, схьа а эцна, уьш а дӀалачкъийра.
9
Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хӀара, ткъа вай, и дӀа а ца буьйцуш, Ӏаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Ӏахь, вайна таӀзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цӀахь хӀара гӀуллакх дӀахаийта деза».
10
Цара, тӀе а бахана, гӀалин кевнехь лаьттачу гӀаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дӀа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тӀедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ».
11
ГӀаролехь болчара и кхаъ дӀакхайкхийра, иза паччахьан цӀа чу а кхечира.
12
Паччахьо, буьйсанна хьала а гӀаьттина, шен тӀеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хӀун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хӀоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дӀа а бевлла, аренгахь дӀахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гӀалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гӀали чу девр ду“».
13
Паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хӀетте а лийр ю-кх, гӀалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хӀун ду?»
14
Говраш а йоьжна, ши гӀудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тӀаьхьа. «ГӀой, хьовсийша, хӀун ду те эццахь дерг», — элира паччахьо.
15
Уьш Йордан-хина тӀекхаччалц дӀабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Ӏуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дӀадийцира.
16
Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хӀума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира.
17
Куьг тӀетовжош хилла волу шен тӀеман хьаькам паччахьо гӀалин кевнехь гӀаролехь дӀахӀоттийнера. Ткъа халкъо и тӀеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира.
18
Делан стага паччахье: «Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду», — аьллачу хенахь,
19
тӀеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хӀетахь аьллера: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»
20
Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25