bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 11
2 Kings 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 12 →
1
Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.
2
Амма Ахьаз-ЯхӀун йиша йолчу, ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀа Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа безачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Иштта, Ӏатал-ЯхӀух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш.
3
Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кӀентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цӀа чохь къайлаваьккхира иза.
4
Цуьнан ворхӀалгӀа шо долуш, динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан гӀаролхошна а, паччахьан цӀийнан гӀаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цӀийне ша волчу схьабалийра. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрца барт бира. ТӀаккха динан дас, Везачу Элан цӀа чохь цаьрга чӀагӀо а яйтина, паччахьан кӀант Юаш гайтира царна.
5
ЯхӀу-ЯдаӀа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хӀара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогӀуш долчу кхоалгӀачу декъо паччахьан цӀенна ха де.
6
Царах вукху кхоалгӀачу декъо — Сур олучу кевнехь, ткъа тӀаьххьара кхоалгӀачу декъо паччахьан гӀаролхошна тӀехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цӀенна тӀехь аша рогӀ-роггӀана ха де.
7
Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цӀахь волчу паччахьна ха де.
8
Иштта аша, шайн хӀораннан а карахь герз а долуш, массо а агӀор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тӀе а веана, юкъагӀортахь я тӀевагӀахь, иза вей дӀаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Ӏуналла де».
9
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а тӀемалой шайца ЯхӀу-ЯдаӀана тӀебалийра.
10
Везачу Элан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира.
11
Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гӀаролхой дӀахӀиттира цигахь. Уьш дӀахӀиттира паччахьна гонах — Везачу Элан цӀенна аьтту агӀонна тӀера аьрру агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цӀенна уллохь а.
12
ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза паччахь дӀахӀотто даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха, тӀараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» — бохуш.
13
Шена гӀаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу халкъана тӀеяхара.
14
ТӀаккха, лакхенна тӀехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехула юьйхина йолу бедар ятӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.
15
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болчу гӀаролхошка омра а деш, элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».
16
Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.
17
Цул тӀаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхӀу-ЯдаӀа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхӀу-ЯдаӀа.
18
ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.
19
Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гӀаролхой а, паччахьан кертан гӀаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера паччахьан цӀенна тӀе валийра. ТӀаккха паччахьан гӀаролхойн кевнна тӀе боьдучу новкъахула паччахьан цӀа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиира.
20
Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гӀала а дӀатийра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу паччахьан цӀенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.
21
Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25