bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 21
2 Kings 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 22 →
1
Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра.
2
Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша.
3
Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.
4
Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» — Везачу Эло аьлла доллушехь а.
5
Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.
6
Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.
7
Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь — исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь — хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а.
8
Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг — Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам — цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац».
9
Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.
10
Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира:
11
«ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо.
12
Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш.
13
Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм.
14
Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна.
15
Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна».
16
Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира.
17
Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
18
ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.
19
Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра.
20
Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а.
21
Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш.
22
Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.
23
Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.
24
ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.
25
Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
26
Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25