bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 14
2 Kings 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 15 →
1
Исраилхойн паччахь волчу ЯхӀу-Ахьазан кӀанта ЯхӀуаша паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Юашан кӀант Амци-ЯхӀу.
2
Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра.
3
Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.
4
Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
5
Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира.
6
Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».
7
Амци-ЯхӀус Дуьра тогӀи чохь итт эзар эдомхо хӀаллаквира. ТӀамца СилаӀ-гӀала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цӀе тиллира цо. Тахханалц а цу гӀалин цӀе изза ю.
8
ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», — дӀаала аьлла.
9
Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна.
10
Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».
11
Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира.
12
Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира.
13
Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.
14
Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.
15
ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
16
ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.
17
ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира.
18
Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
19
Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра.
20
Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.
21
ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра.
22
ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра.
23
ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира.
24
ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.
25
ЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.
26
Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша — чубоьхкина я маьрша уьш белахь а — хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан.
27
Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш.
28
ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
29
ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25