bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 17
2 Kings 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 18 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Элан кӀант ХӀушаӀ. Цо исс шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.
2
ХӀушаӀа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХӀушаӀа.
3
Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХӀушаӀана дуьхьалвелира. ТӀаккха ХӀушаӀах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира.
4
Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХӀушаӀа шена дуьхьал барт бина хилар. ХӀушаӀа Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХӀушаӀ дӀа а лаьцна, иза набахти чу воьллира.
5
Берриг а Исраил-махкана тӀегӀоьртира Шалманесар. Шамран-гӀалина тӀе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гӀала.
6
ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш дӀалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гӀала. Исраилхой, Ашур-махка дӀа а бигна, Хьалахь-гӀалахь а, Газун-кӀоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо.
7
И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Ӏибадат дора,
8
Везачу Эло шайн лаьттара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хӀума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хӀиттийна зуламе ламасташ цара а леладора.
9
Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гӀуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гӀаланашкахь тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀахӀиттийра, ха деш йолу бӀов йолуш йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна чӀагӀйинчу йоккхачу гӀалина тӀекхаччалц.
10
Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а.
11
Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгӀазвохуьйту зуламе гӀуллакхаш дора цара.
12
Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш».
13
Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхӀудан халкъе а дӀахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тӀера юхадовла, Аса шун дайшна тӀедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде».
14
Амма цара ла ца дугӀура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера.
15
Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг».
16
Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора.
17
Цара шайн бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цара, Иза оьгӀаз а вохуьйтуш.
18
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дӀатеттира. ЯхӀудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира!
19
ЯхӀудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Ӏадаташ, исраилхоша дийрриг а деш.
20
Иштта, Везачу Эло дӀатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тӀе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дӀа а белира уьш. ТӀаьххьара а Шена гучуьра дӀа а бехира Везачу Эло исраилхой.
21
Везачу Эло исраилхой Даудан цӀийнах дӀакъастийча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам шайн паччахь дӀахӀоттийра цара. Ткъа ЯрбаӀама, исраилхой Везачу Элах дӀа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга.
22
ЯрбаӀам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой,
23
Везачу Эло уьш дӀататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дӀакхалхийнера, уьш хӀинца а цигахь бехаш бу.
24
Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Ӏаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гӀаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гӀаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гӀаланашкахь даха охьахевшира.
25
Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хӀаллакбора.
26
ТӀаккха Ашур-мехкан паччахьна тӀе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гӀаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хӀаллакдо, царна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза дела», — аьлла.
27
Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дӀа а хьажавой, цу мехкан Дала тӀедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта».
28
ТӀаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гӀала схьа а веана, Везачу Элана Ӏамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара.
29
Амма хӀора халкъо шайн-шайн деланийн цӀуш бора. И цӀуш сагӀа доккхучу гунаш тӀехь шамранхоша динчу харцделанийн цӀеношкахь дӀахӀиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хӀора а гӀалахь дира цара.
30
Бавел-гӀаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цӀу-дела вира, Кут-гӀаларчу наха — Нургал, Хьамат-гӀаларчу наха — Ашимаъ цӀераш йолу цӀу-деланаш дӀахӀиттийнера.
31
Ӏаву-гӀалахь — Нибхьаз а, Тартакх а цӀуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цӀергахь дагадора шайн цӀу-деланашна Адир-Маликана а, Ӏанам-Маликана а уьш сагӀина а дахьаш.
32
Цу тӀе Везачу Элана а Ӏамал йора цара. СагӀа доккхучу гунаш тӀе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гӀуллакх деш бара гунаш тӀехь долчу харцделанийн цӀенош чохь.
33
Цара Везачу Элана Ӏибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Ӏамал йора цара.
34
ХӀинца а шайн хӀетахьлера Ӏадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цӀе тиллинчу Якъубан тӀаьхьенна делла парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до.
35
Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха.
36
Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха.
37
Везачу Эло шайна дӀаяздина парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Ӏамал ян ца еза аша.
38
Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Ӏамал а ма е.
39
Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Ӏамал е, тӀаккха Цо шу кӀелхьардохур ду шун массо а мостагӀех».
40
Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугӀура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.
41
Оцу халкъаша Везачу Элана а Ӏибадат дора, амма шайн цӀу-деланашна а Ӏамал йора. ХӀинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гӀуллакхаш леладо.
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25