bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 15
2 Kings 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 16 →
1
Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу.
2
Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра.
3
Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг.
4
Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
5
Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.
6
Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
7
ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.
8
ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира.
9
Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.
10
Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира.
11
Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
12
Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.
13
ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.
14
Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш.
15
Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
16
Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.
17
ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира.
18
Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.
19
Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама.
20
ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара.
21
Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
22
ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу.
23
Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.
24
Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.
25
Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта.
26
Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
27
ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.
28
Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.
29
Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк — шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш — дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо.
30
Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ.
31
Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
32
Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам.
33
Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.
34
Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора.
35
Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара.
36
Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
37
Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан.
38
Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25