bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 2
2 Kings 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 3 →
1
Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тӀекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхӀу Галгал-гӀаларчу ЭлишаӀца новкъахула вогӀуш вара.
2
Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гӀала хьажийна». Ткъа ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гӀала дӀавахара
3
Бетал-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» ЭлишаӀа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».
4
Эли-ЯхӀус юха а элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гӀала хьажийна». ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гӀала дӀавахара.
5
Ерихон-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», — жоп делира ЭлишаӀа.
6
Эли-ЯхӀус юха а дийхира ЭлишаӀе: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна». ЭлишаӀа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ дӀаволавелира.
7
Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тӀаьхьа а ваьлла, геннахь дӀахӀоьттира. Ткъа Эли-ЯхӀу а, ЭлишаӀ а, Йордан-хина тӀе а кхаьчна, цигахь дӀахӀоьттира.
8
ТӀаккха, шен тӀехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхӀус. Хи дӀасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира.
9
Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаӀа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна».
10
Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ахьа доьхург хала хӀума ду. Нагахь санна хьан бӀаьргашна со стигала хьалавоккхуш гахь, ахьа доьхург хир ду хьуна, ткъа ца гахь — хир дац».
11
Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара.
12
ЭлишаӀа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» — аьлла. ЭлишаӀана кхин ца гира Эли-ЯхӀу. Цо, катоьхна, шена тӀера бедарш, этӀа а йина, шина декъе йийкъира.
13
ТӀаккха, Эли-ЯхӀуна тӀера охьайоьжна йисина йолу тӀехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаӀ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира.
14
И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаӀа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХӀаъ, мичахь ву Эли-ЯхӀун и Дела?» ЭлишаӀа Эли-ЯхӀун бедар хи чу тоьхча, хи дӀаса а декъаделла, ЭлишаӀ дехьавелира.
15
Ерихон-гӀаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогӀу ЭлишаӀ. Цара элира: «Эли-ЯхӀун са ЭлишаӀана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира.
16
Цара ЭлишаӀе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тӀехь я тогӀи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», — элира ЭлишаӀа.
17
Амма пайхамарша дукха дехарш дарна эхь а хетта, ЭлишаӀа элира: «Бахийтийша, делахь». Шовзткъе итт стаг Эли-ЯхӀу лаха вахара. Цара кхаа дийнахь лийхира иза, амма царна иза ца карийра.
18
Ерихонехь сецначу ЭлишаӀана тӀе уьш юхабирзича, цо пайхамаршка элира: «Аса ца элира шуьга, ма гӀо и лаха?»
19
Ерихон-гӀаларчу бахархоша ЭлишаӀ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хӀара гӀала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу».
20
Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цӀена кад ло соьга». Цуьнга кад дӀабелира.
21
ЭлишаӀ хин коьрте тӀевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀара хи цӀандина. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“».
22
ЭлишаӀа аьлла ма-хиллара, и хи хӀинца а цӀена ду.
23
Цигара дӀа Бетал-гӀала вахара ЭлишаӀ. Иза новкъахула вогӀучу хенахь, гӀалара арабевллачу кхиазхоша, цунах бийла а буьйлуш, бохура: «ДӀавала, кӀунзал баьлларг! ДӀавала!»
24
ЭлишаӀ юхахьаьжча, и бераш гира цунна. Цо Везачу Элан цӀарах неӀалт хьажийра царна. ТӀаккха хьуьнхара араяьллачу шина стен чено царах шовзткъе ши бер этӀийра.
25
Оцу меттера дӀа Кармал-лома тӀе вахара ЭлишаӀ. Цул тӀаьхьа иза Шамран-гӀала юхавирзира.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25