bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Kings 13
2 Kings 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 14 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз. Цо вуьрхӀитта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.
2
Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.
3
ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кӀентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна.
4
ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаза гӀо доьхуш доӀа дира Везачу Эле. И доӀа Везачу Элана дӀахезира, хӀунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чӀогӀа бу.
5
ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кӀелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цӀенош чохь Ӏаш бара.
6
Амма ЯрбаӀаман цӀийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидӀа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цӀу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам Шамран-гӀалахь кхидӀа а лаьтташ бара.
7
ЯхӀу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тӀеман гӀудалкх а, итт эзар гӀашло а бен вацара, хӀунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дӀадаьккхира, когаш кӀел хьоьшу чан санна эскархой а беш.
8
ЯхӀу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
9
ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀуаш.
10
ЯхӀудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира.
11
Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора.
12
ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца цо бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
13
ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀам. Исраилхойн паччахьаш дӀабоьхкинчу Шамран-гӀалахь дӀавоьллира ЯхӀуаш а.
14
ЭлишаӀана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тӀаьхьо иза вала а велира. ЭлишаӀ волчу исраилхойн паччахь ЯхӀуаш веара. Цо, ЭлишаӀана тӀе а хӀоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»
15
ЭлишаӀа цуьнга элира: «СекхаӀад а, пхерчий а схьаэца». ЯхӀуаша схьаийцира секхаӀад а, пхерчий а.
16
Исраилхойн паччахье ЭлишаӀа элира: «Хьайн куьйгаца Ӏад дула». Паччахьо шен куьйгаца Ӏад дуьйлира. ТӀаккха ЭлишаӀа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тӀедехкира.
17
«Малхбалехьа долу кор дӀаделла», — элира ЭлишаӀа. Паччахьо кор дӀадиллира. «Пха кхосса», — элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тӀехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гӀалахь арамхой хӀаллакбийр бу».
18
ЭлишаӀа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира.
19
Делан стага, оьгӀаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТӀаккха кхоччуш хӀаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хӀинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тӀехь».
20
ЭлишаӀ велира, наха иза дӀавоьллира. ХӀора шарахь бӀаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогӀура.
21
Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дӀавуллуш. Шайна тӀейогӀу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаӀан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаӀан даьӀахкех дӀахьакхаделла, тӀаккха, ден а велла, шен когаш тӀе дӀахӀоьттира и стаг.
22
Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхӀу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь.
23
Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хӀинцалерчу ханна тӀекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хӀаллакбан я уьш Шена уллора дӀататта.
24
Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Бен-Хьадид.
25
ТӀом болчу хенахь Хьазиала масех гӀала схьаяьккхинера ЯхӀуашан дегара ЯхӀу-Ахьазера, амма ЯхӀуаша и гӀаланаш юхаехира Хьазиалан кӀантера Бен-Хьадидера. ЯхӀуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тӀехь, исраилхойн гӀаланаш юха а йохуш.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25