bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 10
1 Corinthians 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 11 →
1
Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бӀогӀамо ларбина хилар а, хӀорда бухарчу лаьтта тӀехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна.
2
Уьш берриш а, мархах а, хӀордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина.
3
Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.
4
Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хӀунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тӀулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТӀулг бара — Дала леррина Къобалвинарг.
5
Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.
6
И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта.
7
Вайн дайх цхьаберш санна, цӀушна Ӏамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тӀехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тӀаккха шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш».
8
Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хӀаллакьхилира.
9
Дела зе а гӀоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гӀерта Дала леррина Къобалвинарг зе.
10
Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш — уьш мулкалмото хӀаллак ма бина.
11
Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тӀекхаьчначу хенахь Ӏен долчу вайга, дӀахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза.
12
Цундела ша когаш тӀе ондда дӀахӀоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза.
13
Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.
14
Иштта, сан хьоменаш, цӀушна Ӏамалъярх ларлолаш!
15
Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац.
16
Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цӀийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегӀаца вайн дакъалацар дийриг?
17
Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегӀ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду.
18
Хьовсал Исраилан халкъе — царах сагӀина еана хӀума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀейиллинчу сагӀина еанчу хӀуманан декъашхой?
19
ТӀаккха аса бохург хӀун ду? Дуй те иза цӀу цхьа хӀума ю бохург? Я цӀунна сагӀина еанарг а юй те цхьа хӀума ю аьлла хӀума?
20
Дац! Амма дин доцучара сагӀина яхьа хӀума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила.
21
Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тӀаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а.
22
Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?
23
«Дерриг а дан бакъо ю вайн» — олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хӀума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХӀаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чӀагӀ ца во.
24
Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хӀораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш.
25
Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша.
26
Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тӀехь мел дерг а Везачу Элан ду».
27
Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа.
28
Амма цхьаммо и юуш ерг цӀушна сагӀина еанчух ю алахь, тӀаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргӀатонан дуьхьа а и юург ма яа.
29
Шун деган паргӀатонах а доцуш, ткъа вукхун паргӀатонах лаьцна боху аса иза. Ткъа сан паргӀато хӀун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго?
30
Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тӀеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара?
31
Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де.
32
Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Ӏийсах тешаш болчеран тобанна а,
33
амма, аса массарна а, массо а хӀуманна тӀехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кӀелхьарбовлийтархьама.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16