bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 14
1 Corinthians 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
1
Шайна чохь безам хилийта гӀерта. Делан Сино луш долчунна тӀекхийда — уггаре а чӀогӀа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар.
2
ХӀунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву.
3
Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чӀагӀбархьама а, иракарахӀитторхьама а, тебархьама а.
4
Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чӀагӀло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чӀагӀйо.
5
Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хӀунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чӀагӀъяйтархьама.
6
Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хӀун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хӀума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь?
7
Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хӀуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те?
8
Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тӀамана бан беза кечам?
9
Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду.
10
Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьӀна доцуш.
11
Цундела суна оцу меттан маьӀна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна.
12
Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гӀерта дела, динан тобанна чӀагӀонна Цо луш долчу похӀманийн дикалла совъяккха хьовсалаш.
13
Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле.
14
ХӀунда аьлча аса тамашийначу маттахь доӀа деш хилча, Делан Сино сан синехула доӀа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац.
15
ТӀаккха аса хӀун дан деза? Аса сайн синца доӀа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш.
16
ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»?
17
Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чӀагӀвалар ца хуьлу.
18
Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла.
19
Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.
20
Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша!
21
Товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца — боху Везачу Эло, — амма тӀаккха а ладугӀур дац-кх цара Соьга».
22
Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар — билгало ю, амма и билгало, Ӏийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю.
23
Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Ӏийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна?
24
Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Ӏийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю.
25
Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТӀаккха цо, гора а хӀоьттина, Далла Ӏибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»
26
Сан динан вежарий! ЖамӀ а деш, суна ала луург хӀара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хӀораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хӀума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьӀна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чӀагӀонна хуьлийла.
27
Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тӀаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггӀана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде.
28
Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта.
29
Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза.
30
Нагахь шух хиъна Ӏаш волчу цхьанна Дала хӀума довзуьйтуш делахь, хӀинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца.
31
ХӀунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогӀехь ала. Цу тайпана массо а Ӏемар а бу, уьш иракарахӀиттор а бу.
32
Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу.
33
ХӀунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь.
34
Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш муьтӀахь хила беза.
35
Нагахь санна шайна цхьа хӀума хаа лаахь, цара цӀахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хӀунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар.
36
Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза?
37
Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла.
38
Нагахь цхьаммо иза тӀе ца эцахь, иза ша а тӀеэцна хир вац.
39
Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка.
40
Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16