bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 2
1 Corinthians 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 3 →
1
Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Ӏилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,
2
хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург.
3
Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь.
4
Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.
5
И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.
6
Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.
7
Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла — Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
8
И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара.
9
Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бӀаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана».
10
Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а.
11
Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
12
Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.
13
Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай.
14
Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.
15
Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.
16
ХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16