bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 4
1 Corinthians 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 5 →
1
Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх дийраш санна тӀеэца деза тхо хӀораммо а.
2
Ткъа, шех теша а тешна, и гӀуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза.
3
Сан кӀезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел.
4
Сан дог цӀена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.
5
Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Ӏалашонаш а гучуйохур ю. ТӀаккха Дала хӀоранна а хастам дӀалур бу.
6
Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хӀуманна тӀехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тӀера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а.
7
Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?
8
ХӀинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХӀинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хӀинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тӀаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара!
9
Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дӀахӀиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хӀаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла — маликашна а, адамашна а хьалха.
10
Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гӀорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху.
11
Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тӀехь хӀума цахилар а, тхайна еттар а, даха хӀусам цахилар а.
12
Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха.
13
Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.
14
Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хӀара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна.
15
ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох.
16
Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера.
17
И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кӀант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хӀорра динан тобанехь а муха хьоьху а.
18
Со шу долчу вогӀур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна.
19
Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу.
20
ХӀунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду.
21
Шуна хӀун лаьа? Со гӀожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогӀийла лаьий шаьш долчу?
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16