bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 3
1 Corinthians 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 4 →
1
Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца.
2
Ӏовша хала йолу яа хӀума а ца луш, шура малайора аса шуна, хӀунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хӀинца а яалур яц иза,
3
шу хӀинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагӀ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг?
4
Нагахь шух цхьаммо «Со ПахӀална тӀаьхьахӀиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах?
5
Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахӀал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хӀоранна тӀедиллина доллучул гӀуллакх кхочушдина оха.
6
Аса хӀу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хӀу хьалакхиийнарг Дела ву.
7
Цундела и хӀу дӀадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хӀунда аьлча Иза — и хӀу хьалакхиош Верг ву.
8
ХӀу дӀадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Ӏалашо ю. ХӀоранна а, динчу гӀуллакхе хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалур ду.
9
Тхойшиъ цхьаьна Далла гӀуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гӀишло а ю.
10
Говзачу гӀишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похӀме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тӀехь гӀишло йо. Амма хӀорра а ша и гӀишло муха еш ю хьажа веза.
11
ХӀунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хӀинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Ӏийса волу бух боцург, кхин бух билла.
12
Оцу бух тӀехь деших, я детих, я дезачу тӀулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гӀишло еш хила тарло.
13
Царах хӀораннан а гӀуллакх къематдийнахь гучудер ду, хӀунда аьлча цу дийнан цӀеро и гӀуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу.
14
Нагахь санна цхьаммо дина долу гӀуллакхаш, цӀеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгӀат хир ду.
15
Ткъа нагахь цхьаммо динарг цӀергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кӀелхьарвер ву, амма цӀерах чекхволуш санна вер ву.
16
Шуна ца хаьа ткъа, шух хӀорра а Делан цӀа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а?
17
Нагахь цхьаммо Делан цӀа хӀаллакдахь, Дала иза хӀаллаквийр ву, хӀунда аьлча Делан цӀа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цӀа шу шаьш ду.
18
Шу Ӏеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тӀаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама.
19
ХӀунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу».
20
Кхин а яздина ду: «Везачу Элана хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла».
21
Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хӀунда аьлча массо а хӀума шун долахь ду,
22
хӀуъа а иза делахь а: я ПахӀал, я Апа-Леса, я Кипа, я хӀара дуьне, я дахар, я валар, я хӀинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду.
23
Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза — Делан ву.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16