bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 5
1 Corinthians 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 6 →
1
Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.
2
Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гӀолехь дара шуна, гӀайгӀанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дӀаваьккхина хилар а.
3
Со дегӀаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна.
4
Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тӀаккха вайн Веза Эла волчу Ӏийсан олаллица
5
цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.
6
Аша дозалла дан хӀумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КӀеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»?
7
Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дӀабаккха. ХӀунда аьлча шу Ӏийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Ӏахар санна сагӀина дӀавелла.
8
Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.
9
Аса сайн кехата тӀехь, сийсаза лелачаьрца тӀекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга.
10
Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цӀушна Ӏамал еш болчаьрца а тӀекаре ма е. ТӀаккха-м хӀара дуьне дита дезар дара аша.
11
Ткъа аса шуьга яздинарг хӀара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цӀушна Ӏамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тӀекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.
12
12-13 ХӀунда аьлча сан хӀун гӀуллакх ду динан тобанан юкъа ца богӀу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогӀург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дӀаваккха».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16