bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 6
1 Corinthians 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
1
Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гӀур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта?
2
Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кӀезиг долчу гӀуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун?
3
Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТӀаккха дахаран гӀуллакхашна тӀехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю.
4
Ткъа аша цу гӀуллакхашна тӀехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо!
5
Шуна эхь хетийтархьама боху ас хӀара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь?
6
Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тӀехь кхел йойту аша!
7
Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кӀорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Ӏад хӀунда ца Ӏа шу?
8
Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь!
9
Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Ӏеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цӀушна Ӏамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а,
10
къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу.
11
Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарца а, вайн Делан Синца а шу цӀан а дина, даз а дина, бакъ а дина.
12
Цхьаммо ала тарло: «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хӀуъа а дан бакъо ю». ХӀаъ, амма цхьана а хӀумане сайна тӀехь олалла ца дойту аса.
13
Цхьаммо ала тарло: «Яа хӀума а — ген дуьхьа ю, ткъа ге а — яа хӀуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хӀаллакдийр ду». Делахь а вайн дегӀ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догӀмаш Ӏалашдийр ду.
14
Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Ӏаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра.
15
Ткъа шуна ца хаьа, вайн догӀмаш Дала леррина Къобалвинчун дегӀан меженаш юйла? ТӀаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХӀан-хӀа, иштаниг хуьлийла а дац!
16
Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дӀакхетча, шайн цуьнца цхьа дегӀ хуьлийла. ХӀунда аьлча аьлла ма ду: «ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду».
17
Ткъа Делах дӀауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу.
18
Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегӀах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегӀана къилахь долу хӀума до.
19
Я шуна ца хаьа те, шайн догӀмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цӀа дуйла? Шу шайн долахь ма дац!
20
ХӀунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догӀмашца Делан сий делаш!
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16