bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 15
1 Corinthians 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 16 →
1
ХӀинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тӀе а эцна, цу тӀехь дӀахӀиттира.
2
Цу хазачу кхоэхула шу а кӀелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера.
3
ХӀунда аьлча аса тӀеэцна болу а, шуна дӀабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тӀера велла.
4
Иза дӀа а воьллира, ткъа кхозлагӀчу дийнахь, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара, ден а вира.
5
Цул тӀаьхьа Иза, Кипина а, тӀаккха шийтта векална а хьалха веана, дӀахӀоьттира.
6
Цул тӀаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бӀеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дӀахӀоьттира. Царах дукхахберш хӀинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дӀа а кхелхина.
7
ТӀаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дӀахӀоьттира. Цул тӀаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.
8
Уггар а тӀаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.
9
Ткъа векалех уггаре а кӀезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хӀунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Ӏийсах тешначийн тоба хӀаллакьян тӀаьхьаваьлла леллера со.
10
Амма Делан дика бахьанехь хӀинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.)
11
Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна.
12
Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу?
13
Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина?
14
Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна.
15
Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХӀунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора.
16
Нагахь белларш денбеш ца хилча, тӀаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу.
17
Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара.
18
ТӀаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хӀаллак?
19
Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай.
20
Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина.
21
Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула.
22
Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду.
23
Амма хӀораннан а шен-шен рагӀ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТӀаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу.
24
Цул тӀаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хӀаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дӀаделча, дуьненан чаккхе хир ю.
25
ХӀунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагӀий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц.
26
Ткъа валар уггаре а тӀаьххьара мостагӀа санна хӀаллакдийр ду.
27
ХӀунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хӀума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хӀума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хӀума дуйла.
28
Массо а хӀума Дала леррина Къобалвинчун дола дӀаделча, КӀанта Ша а дӀалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хӀуманна тӀехь Олахо хилийтархьама.
29
Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хӀун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара?
30
Вай а хӀора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хӀунда хӀуьттуьйту?
31
Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чӀагӀо йо ас, со хӀора дийнахь леш ву аьлла.
32
Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хӀун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тӀаккха: «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела!»
33
Ма Ӏехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо».
34
Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза.
35
Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегӀ муха хир ду?» — аьлла.
36
ХӀай сонтаниг! Ахьа дӀадийна хӀу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен.
37
Ахьа лаьттах хӀу дӀадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дӀа ма ца доь ялта. Амма дерзина тӀедолу хӀу дӀадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кӀен, я кхечу ялтин.
38
ТӀаккха оцу хӀух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хӀора а хӀуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу.
39
ХӀора шена чохь са долчу хӀуманан дегӀ тайп-тайпана ду. Адамийн дегӀ шатайпана ду. Дийнатийн дегӀ кхечу тайпана ду. ЧӀерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегӀ ду.
40
Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догӀмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догӀмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догӀмийн хазалла кхечу тайпана ю.
41
Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало.
42
Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дӀадийна долу дегӀ телхина дӀадолу, ткъа дендийр долу дегӀ телхар дац.
43
Лаьттах а дохуьйтуш, дӀадоьчу хенахь дегӀ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДӀадоьчу хенахь дегӀ эгӀаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду.
44
Кху дуьненахь денделла дегӀ дӀадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегӀ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегӀ хилча, вукху дуьненна долу дегӀ а хуьлу.
45
Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тӀаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду.
46
Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тӀаьхьа дендийриг деара.
47
Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгӀа адам стигалшкара ду.
48
Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду.
49
Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай.
50
Динан вежарий! Аса хӀара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цӀий а долуш долу вайн догӀмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дӀадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц.
51
ЛадогӀалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду.
52
Иза хир ду цӀеххьана, бӀаьрган негӀар а тохале, турбано тӀаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.
53
ХӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегӀ, цкъа а лийр доцуш хилла, дӀахӀотта дезар ду.
54
ТӀаккха хӀара телхар долу дегӀ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хӀара лен долу дегӀ цкъа а лийр доцуш дӀа а хӀоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тӀехь яздинарг: «Ӏожалла дӀа а кхаьллина, толам баьккхина».
55
«Ӏожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Ӏожалла, хьан ю?»
56
Ӏожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу.
57
Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Ӏийсагахула вайна толам лучу Далла!
58
Сан хьоме динан вежарий! ЧӀагӀлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гӀуллакхех дуьззина хилалаш, хӀунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гӀуллакх эрна довр доцийла.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16