bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 12
1 Corinthians 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 13 →
1
Ткъа хӀинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас. Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла.
2
Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цӀуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла.
3
Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеӀалт хуьлийла Ӏийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Ӏийса — Веза Эла ву».
4
ПохӀманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург — цхьа Са ду.
5
ГӀуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург — цхьа Веза Эла ву.
6
Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг — цхьа Дела ву.
7
Амма Делан Са гучудаккхар хӀоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта.
8
Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло.
9
Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похӀма ло.
10
Вукхунна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похӀма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похӀма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло.
11
Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш.
12
Адаман дегӀ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегӀ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегӀ масех меженах лаьтташехь.
13
ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.
14
Адамийн дегӀ, цхьана меженах хилла а ца Ӏаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду.
15
Нагахь кого: «Со-м бац дегӀах, со куьг доцу дела», — алахь а, хӀетте а оцу дегӀан меже ца хилча ма ца болу иза.
16
Ткъа лерго: «Со бӀаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегӀах», — аьлча а, оцу дегӀан меже ца хилча долий иза?
17
Нагахь дерриг а дегӀ беккъа бӀаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегӀ деккъа лергех дина делахьара, муха йогӀур яра хьожа?
18
Амма Дала дегӀан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дӀанисйина.
19
Нагахь дегӀ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тӀаккха дегӀ муха хир дара?
20
Ма-дарра аьлча, дегӀан меженаш дуккха а ю, ткъа дегӀ — цхьаъ ду.
21
БӀаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу».
22
Мелхо а, адамна эгӀаза хеташ йолу дегӀан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу.
23
Оцу кӀезиг хеташ йолчу дегӀан меженийн вай чӀогӀа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дӀахьулйо.
24
Ткъа важа йолу меженаш дӀахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегӀан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш.
25
Иза ду, дегӀана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегӀан меженаша вовшийн цхьатерра гӀайгӀа бан беза.
26
Нагахь дегӀан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегӀан а лазам хуьлу. Нагахь дегӀан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу.
27
Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду, ткъа шух хӀора а цу дегӀан меже ю.
28
Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагӀнаш динан хьехамчаш бина дӀахӀиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похӀма делла. Иштта уллорачарна гӀо дан похӀма а, урхаллин похӀма а, тамашийна мотт бийцаран похӀма а делла Цо.
29
Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гӀуллакхаш дийраш?
30
Массеран ду ткъа адамаш тодаран похӀма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похӀма а?
31
Оцу похӀманел а сов долчу похӀманашна тӀекхийда шу. Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16