bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 16
1 Corinthians 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
1
Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе.
2
ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.
3
Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама.
4
Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу.
5
Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю.
6
Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а.
7
ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна.
8
Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь.
9
Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.
10
Нагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду.
11
Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со.
12
Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву.
13
Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш.
14
Аша массо а хӀума безамца деш хила деза.
15
Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий,
16
уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.
17
Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна.
18
Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш.
19
Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна.
20
Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта.
21
Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш.
22
Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла!
23
Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца.
24
Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16