bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 11
1 Corinthians 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 12 →
1
Сох тера хила гӀерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гӀерттара.
2
Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а.
3
Амма суна шуьга дӀахаийта лаьа, хӀора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь — майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву.
4
ДоӀа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тӀе хӀума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту.
5
Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло.
6
Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза.
7
Цхьана агӀор боьршачу стага шен коьрта тӀе хӀума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агӀор зуда шен майрачун сийлалла ю.
8
ХӀунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина.
9
Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина.
10
Цундела зудчун коьрта тӀе тиллина хӀума хила еза, шена тӀехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а.
11
Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хӀумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хӀумма а дац.
12
ХӀунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а — Делера ду.
13
ТӀаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доӀа дечу хенахь, цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума ца хилча?
14
Дуьненан Ӏаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьӀаьржонна дуйла?
15
Ткъа зудчо еха месаш лелийча — цунна сийлахь ду, хӀунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тӀе тиллина хӀума санна.
16
Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанийн а.
17
Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа.
18
Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша.
19
(Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.)
20
Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу.
21
ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо.
22
Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу.
23
ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна,
24
Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама».
25
Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш».
26
ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша.
27
Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву.
28
Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла.
29
ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву.
30
Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле.
31
Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел.
32
Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама.
33
Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш.
34
Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16