bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 13
1 Corinthians 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 14 →
1
Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу.
2
Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похӀма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хӀумма а вац.
3
Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дӀабекъахь а, ур-атталла сайн дегӀ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу.
4
Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагӀ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу.
5
Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгӀаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до.
6
Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета.
7
Безамо доллу хӀума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу.
8
Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дӀабоккхур бу.
9
ХӀунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу.
10
Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дӀадоккхур ду.
11
Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хӀинца со стаг а хилла дӀахӀоьттича, берийн хӀуманаш дитина аса.
12
Цкъа хӀинца-м вайна дерриге а гӀийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хӀинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара.
13
Цкъа хӀинца долуш дерг хӀара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16