bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 8
1 Corinthians 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 9 →
1
ЦӀушна сагӀина еана йолчу яа хӀуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чӀагӀдо.
2
Нагахь цхьанна шена цхьа хӀума девза моттахь а, цунна хӀинца а довза ма-деззара хӀумма а ца девза.
3
Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.
4
Цу тайпана цӀушна сагӀина еанчу юучу хӀуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цӀу хӀумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а.
5
Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а,
6
вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хӀума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Ӏийса ву, Цуьнгахула массо хӀума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.
7
Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦӀушна Ӏамал яран Ӏадат цхьаболчарна хӀинца а чулацам болуш хета. ЦӀушна сагӀина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кӀеда дегнаш Далла хьалха бехло.
8
Юучу хӀумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хӀумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гӀоле а ца хуьлу.
9
Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чӀагӀделла доцурш, шаьш паргӀато лелочу хӀуманна тӀехь, Ӏеха а делла, къинош летадарх.
10
ХӀунда аьлча нагахь оцу кӀеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цӀушна Ӏамал ечу цӀа чохь юург юуш гича, тӀаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цӀушна сагӀина еана йолу юург?
11
ТӀаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кӀеда дог долуш волу хьан динан ваша хӀаллакьхир ву.
12
Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кӀедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо.
13
Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16