bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Corinthians 9
1 Corinthians 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
1
Со паргӀат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Ӏийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тӀе далийнарш?
2
Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХӀунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду — шу Везачу Элаца хилар.
3
Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хӀара ду сан.
4
Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо?
5
Кхиболчу векалша а, Ӏийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а?
6
Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа?
7
Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?
8
Адамаша олучу тайпана хилла Ӏай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а?
9
ХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза?
10
Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хӀунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш.
11
Шун синошна оьшуш долу хӀу оха тесна хилча, тӀех зен дой те оха шуна, тхайн дегӀана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча?
12
Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тӀе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама.
13
Шуна хууш дац ткъа, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь гӀуллакх деш болчара а цу сагӀина деанчух дакъа шайна дӀаоьций?
14
Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тӀедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла.
15
Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хӀара дешнаш. Суна валар а гӀолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дӀадоккхучул.
16
Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хӀунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара!
17
Аса, сайн лаам а болуш, и гӀуллакх деш делахьара, Делера совгӀат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тӀаккха сайна тӀедиллина долу гӀуллакх кхочушдо аса.
18
Ткъа сан совгӀат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дӀакхайкхабарна дуьхьал хӀумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гӀуллакх тӀехь сайна йогӀуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.
19
Массарах а паргӀат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тӀеберзорхьама.
20
Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тӀеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь.
21
Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца — и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела.
22
Тешарехь чӀагӀбелла боцучаьрца чӀагӀвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чӀагӀбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кӀелхьарбахархьама.
23
И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама.
24
Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама.
25
Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама.
26
Цундела со, шена хьалха цхьа Ӏалашо хӀоттийна воцург санна, вада а ца воду, хӀаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета.
27
Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16