bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 1
Leviticus 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 2 →
1
Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо:
2
«ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа.
3
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама.
4
Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама.
5
Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш.
6
Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза.
7
АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза.
8
АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза.
9
Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
10
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних — уьстагӀех я гезарех — даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза.
11
Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор.
12
Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза.
13
Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
14
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза.
15
Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь.
16
Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас.
17
Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27