bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 25
Leviticus 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 26 →
1
Синай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира:
2
«ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта.
3
Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде.
4
Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае.
5
Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза.
6
Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а,
7
шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».
8
«МеттахӀотторан шо шайна юкъахь долу ворхӀ шо ворхӀазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта.
9
Цул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дӀадахаран де дӀакхайкхаде, маӀа а локхуш.
10
Шовзткъе уьтталгӀа шо къобал а де, шайн махкахь Ӏаш мел волу стаг паргӀат а ваккха. МеттахӀотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХӀора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тӀе а, шен тайпане а кхача.
11
Шовзткъе уьтталгӀа шо шун шатайпа меттахӀотторан шо хилла дӀахӀуттур ду. ХӀумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тӀаьхьалонна дӀа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тӀера кенаш схьа а ма даха.
12
ХӀунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна.
13
МеттахӀотторан шарахь хӀора а шен доьзалан латта тӀе верза, цуьнан дола дан.
14
Хьайн уллорачунна цхьа хӀума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве.
15
МеттахӀотторан шо дӀадаьллачул тӀаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хӀума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза.
16
Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кӀеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хӀунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду.
17
Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хӀунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву».
18
«Аса шайна тӀедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТӀаккха шу синтем болуш Ӏийр ду шайн махкахь.
19
Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хӀума хир ду, тӀаккха шу синтем болуш шайн махкахь Ӏийр ду.
20
Амма аша ала тарло: „Оха латта дӀадуьйш а ца хилча, ворхӀалгӀачу шарахь тхан яа хӀума хир яц“.
21
Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду.
22
Ткъа бархӀалгӀачу шарахь ялта дӀадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгӀачу шарахь керла ялта кхиъалц».
23
Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хӀунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду.
24
Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде.
25
Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дӀадохкахь, цунна гӀо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду.
26
Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега.
27
ТӀаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тӀаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хӀун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо.
28
Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хӀусамден дола дер ду.
29
Нагахь стага гонах пен болчу гӀалахь долу цӀа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан.
30
Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гӀалара цӀенош эцначу стеган а, цуьнан тӀаьхьенан а дола довлу, меттахӀотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац.
31
Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цӀенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахӀотторан шарахь шайн хьалхалерчу хӀусамден юха а дола довлу.
32
Шайн долахь йолчу гӀаланашкахь муьлххачу хенахь а цӀенош юхаэца бакъо ю левихойн.
33
Ткъа, масала, царах цхьаммо цӀенош юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь уьш юха а хӀусамден дола девр ду, хӀунда аьлча левихойн гӀаланашкахь долу цӀенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза.
34
Амма церан гӀаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хӀунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.
35
Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.
36
Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта.
37
Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна.
38
КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.
39
Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна.
40
Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц.
41
ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо.
42
ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац.
43
Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила.
44
Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш.
45
Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу.
46
Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де.
47
Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Ӏаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь,
48
ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза.
49
Цуьнан девашас я девешин кӀанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех.
50
Ша эцначунна мах дӀатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тӀера дуьйна меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дӀадала деза цо, хӀунда аьлча и стаг хӀусамда волчохь тӀелаьцна белхало санна хилла.
51
Ткъа меттахӀотторан шо тӀекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дӀадала деза цо.
52
Нагахь шераш кӀезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дӀабала беза шех богӀу мах.
53
ХӀора шарахь йолах тӀелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХӀусамдега цунна тӀехь ницкъ ма байта.
54
Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргӀатдевр ду.
55
ХӀунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27