bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 17
Leviticus 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 18 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тӀедуьллург хӀара ду:
3
нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгӀина, я Ӏахарна, я газанна, урс а хьаькхна,
4
уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву.
5
Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагӀина дайа деза цара и дийнаташ.
6
Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тӀе цӀий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама.
7
Газа-цӀушна шайн сагӀанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидӀа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тӀедуьллуш ду иза“.
8
Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагӀа доккхуш хилахь,
9
Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
10
Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду.
11
ДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху.
12
Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац.
13
Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза,
14
хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.
15
Къеелла а, экхано цистина а хӀума йиънарг, исраилхо я тӀевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза, цул тӀаьхьа цӀена хир ву.
16
Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегӀ а ца цӀандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27