bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 6
Leviticus 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 7 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо.
3
Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош.
4
Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг,
5
я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза.
6
Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо.
7
Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
8
Везачу Эло Мусага элира:
9
«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю.
10
Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо.
11
Цул тӀаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цӀена йолчу метте, чим дӀабахьа беза цо.
12
Кхерча тӀера цӀе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХӀора Ӏуьйранна динан дас кхерча тӀе дечиг тилла деза, цу тӀе дийнаташ дагоран сагӀа а дилла деза, иштта бертан сагӀанах йолу мохь цу тӀехь яго а еза.
13
ЦӀе кхерча тӀехь гуттар а яга езаш ю, дӀа а ца йовш».
14
«КӀен сагӀанах долу тӀедиллинарг ду хӀара: динан дайша, АхӀаронан кӀенташа, сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза.
15
КӀен сагӀанах цхьа кана тоьлла кӀен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тӀехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.
16
КӀен сагӀанах диснарг АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а дӀадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагӀа.
17
Морза а тухуш, датта ца деза кӀен сагӀин бепиг. Ас Сайн сагӀанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а тера долу чӀогӀа деза сагӀа ду иза.
18
АхӀаронан тӀаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагӀа. Церан тӀаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагӀанах долу дакъа ду иза. Цунах дӀахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».
19
Везачу Эло Мусага элира:
20
«АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа иштта хила деза: бархӀ кад тоьлла кӀен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кӀен сагӀина лерина, царах ах — Ӏуьйранна, важа ах — суьйранна.
21
Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегӀи тӀехь кечдан деза. ТӀаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кӀен сагӀа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
22
АхӀаронан кӀентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагӀа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тӀедуьллуш долу парз ду. КӀен сагӀа дерриг а даго дезаш ду.
23
Динан дегара долу муьлхха а кӀен сагӀа даго деза, иза даа мегар дац».
24
Везачу Эло Мусага элира:
25
«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: къинах долчу сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагӀина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагӀина далийначу дийнатна. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.
26
Къинах долу сагӀа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагӀа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза.
27
Цу сагӀин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цӀий тӀе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цӀанъян еза уьш.
28
Кхийрачу пхьегӀи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегӀа йохо еза. ЦӀестан пхьегӀи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегӀа цӀан а йина, йила еза.
29
Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагӀа. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.
30
Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дӀадахархьама, къинах долчу сагӀин цӀий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагӀа даа мегар дац. Иза цӀера тӀехь даго деза».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27