bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 15
Leviticus 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 16 →
1
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
2
«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тӀуналла хилахь, и тӀуналла цӀена яц.
3
Ткъа стаг цӀена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тӀуналла бахьана долуш — тӀуналла схьайолуш елахь а, стеган дегӀаца иза юьсуш елахь а.
4
И стаг тӀевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тӀехиъна йолу муьлхха хӀума а боьха хир ю.
5
Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
6
Нагахь дегӀах тӀуналла схьайолуш волу стаг тӀехиъначу хӀуманна тӀе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иштта стаг.
7
ТӀуналла схьайолучун дегӀах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
8
ДегӀах тӀуналла схьайолучо цхьанна тӀе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
9
ДегӀах тӀуналла схьайолуш верг тӀехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цӀена яц.
10
Цу стагана бухахь хиллачу хӀуманах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. И хӀума карахь дӀаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
11
ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
12
Шех тӀуналла схьайолург дӀахьакхавелла кхийра пхьегӀа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегӀа хица йила еза.
13
ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву.
14
БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо.
15
Цхьана олхазарх къинан сагӀа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду.
16
Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза.
17
И тӀуналла тӀекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цӀена хир дац уьш.
18
Нагахь стаг зудчуьнца дӀавижча, цунах тӀуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цӀена хир дац и шиъ.
19
Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегӀах цӀий дӀакъаьсташ елахь, ворхӀ дийнахь иза цӀена хир яц. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.
20
Ша цӀена цахиларан деношкахь и зуда тӀейижна а, тӀехиъна а йолу хӀума цӀена яц.
21
Иза дӀаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
22
И зуда тӀехиъна Ӏийначу хӀуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза.
23
Иза дӀайижначу маттера я хиъна Ӏийначуьра цхьана хӀуманах хьакхавелларг сарралц цӀена хир вац.
24
Нагахь цӀий догӀучу хенахь цу зудчуьнца майра дӀавижахь, иза ворхӀ дийнахь цӀена хир вац. И тӀевижна муьлхха а мотт цӀена хир бац.
25
Нагахь зудчун цӀий дӀаэхар, баттахь хуьлу цӀена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цӀена хир яц, баттахь хуьлучу цӀена цахиларан хенахь санна.
26
Зудчунна цӀий догӀучу хенахь иза тӀейижна муьлхха а мотт, иза тӀехиъна муьлхха а хӀума цӀена хир яц, баттахь цӀена ца хиларан хенахь тӀейижна мотт санна.
27
Цу хӀуманех дӀахьакхавелларг цӀена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иза.
28
ЦӀий дӀаэхар сецча, зудчо ворхӀ дийнахь собар дан деза. Цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю.
29
БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо.
30
Олхазарех цхьаннах къинан сагӀа, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду цо.
31
Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хӀуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цӀа сийсаз а деш, шайн боьхачу хӀуманашца уьш ца балийта.
32
Иштта ду дегӀах тӀуналла схьакъаьстачех долу тӀедиллинарг: стаг цӀена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тӀуналлех а,
33
цӀий дӀаоьхучу зударех а, тӀуналла дегӀах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цӀена йоцучу зудчуьнца дӀавижначу майрачух а долу тӀедиллинарг“».
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27