bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 26
Leviticus 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 27 →
1
«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.
2
Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.
3
Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь,
4
Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.
5
Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.
6
Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац.
7
Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш.
8
Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий.
9
Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву.
10
Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша.
11
Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со.
12
Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду.
13
Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».
14
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хӀара весеташ аш кхочуш ца дахь,
15
нагахь Сан парзаш дӀа а теттина, Ас тӀедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь,
16
Ас шуна таӀзар дийр ду. Кхерам а, хӀоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тӀе. Цара шун бӀаьрса а гӀелдийр ду, синош а бӀарздийр ду. Аш ялта дӀадер эрна хир ду, шун мостагӀаша иза дуур долу дела.
17
Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.
18
Оцу массо а гӀуллакхел тӀаьхьа аш Соьга ла ца догӀахь, шун къиношна Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна.
19
Шун чӀагӀъелла куралла йохор ю Ас, стигало догӀанан тӀадам а лур бац шуна, латта, тӀулг санна, чӀагӀлур ду шун.
20
Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.
21
Цул тӀаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугӀуш ца хилахь, Айса ден долу таӀзар ворхӀазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна.
22
Шуна тӀе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хӀаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду.
23
Цул тӀаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь,
24
Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аш къинош леторна.
25
Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гӀаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тӀе ун хоьцур ду, тӀаккха мостагӀийн карагӀур ду шу.
26
Дисина напха дӀадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.
27
Нагахь цул тӀаьхьа а, Соьга ла а ца дугӀуш, шу Суна дуьхьалдовлахь,
28
Ас, оьгӀазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна аша къинош леторна.
29
Шайн кӀентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша.
30
ЦӀушна сагӀа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хӀиттийна бӀогӀамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цӀушна тӀе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна.
31
Шун гӀаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цӀушна Ӏибадат деш долу цӀенош а дассор ду, аш деанчу сагӀанех хьожа а йоккхур яц.
32
Шун латта дассор ду Ас, цу тӀехь баха охьахевшина шун мостагӀий цецбовллал чӀогӀа.
33
Шу къаьмнашна юкъахь дӀасадаржор ду Ас, шуна тӀаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гӀаланаш а йохийна Ӏохкуш хир ю.
34
ТӀаккха ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаӀаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагӀийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоӀур ду.
35
ДӀатесна Ӏуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоӀур ду, шу цунна тӀехь Ӏаш долуш, шена садаӀа дӀа ца еллачу ханна.
36
Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагӀийн мехкашкахь Ӏачу хенахь. Дегочу гӀанан гӀовгӀанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тӀаьхьа ца ваьллашшехь.
37
Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тӀаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагӀашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун.
38
Кхечу къаьмнашна юкъахь Ӏаш а долуш, дӀакхелхар ду шу, шайн мостагӀийн лаьтто дӀа а кхаьллина.
39
Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагӀийн мехкашкахь маргӀалбулур бу.
40
ТӀаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а,
41
Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагӀийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гӀуда текхча а,
42
Суна дагабогӀур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахӀимца а бина барт а, дагадогӀур ду латта а.
43
Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоӀучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тӀедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тӀе ца эцарна.
44
Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагӀийн лаьтта тӀехь Ӏачу хенахь а, Со царах дӀавоьрзур вац, уьш хӀаллакбархьама дӀа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву.
45
Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву».
46
ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тӀедехкинарш а, хьехамаш а.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27