bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 24
Leviticus 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 25 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.
3
Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.
4
ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».
5
«КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде.
6
Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш.
7
ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза.
8
ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу.
9
АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».
10
Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо.
11
Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат — иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.)
12
Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза.
13
Везачу Эло Мусага элира:
14
«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса.
15
ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза.
16
Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.
17
Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.
18
Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал — дахар.
19
Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза:
20
меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза.
21
Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза.
22
Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».
23
Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27