bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 7
Leviticus 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 8 →
1
«ХӀара ду гӀуда такхаран сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.
2
Дийнаташ дагоран сагӀина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гӀуда такхаран сагӀина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цӀий тоха деза сагӀа доккхучу кхерчана тӀе массо а агӀор.
3
Дийнатан ерриг а мохь сагӀина яккха еза: дума а, чухулара мохь а,
4
ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
5
Динан дас кхерча тӀехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гӀуда такхаран сагӀа ду.
6
Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагӀа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧӀогӀа деза сагӀа ду иза.
7
Къинах долчу сагӀанах а, гӀуда такхаран сагӀанах а лаьцна тӀедиллинарг цхьаъ ду: цу сагӀанца стага летийна къинош дӀадохуш волчу динан дена дӀалуш ду иза.
8
Цхьаммо дийнаташ дагоран сагӀа даьккхича, дийнатан неӀ я цӀока и сагӀа даккхар дӀахьош волчу динан дена дуьсу.
9
Я пешахь, я ялгӀу тӀехь, я кхийрачу пхьегӀи тӀехь мел деттина кӀен сагӀа иза дӀахьочу динан дена дуьсу.
10
Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кӀен сагӀа АхӀаронан кӀенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».
11
«Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагӀанах лаьцна тӀедиллинарг хӀара ду.
12
Цхьаммо и сагӀа баркаллин сагӀа санна даккхахь, сагӀа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза.
13
Цул сов, морзанна тӀехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагӀа доккхуш.
14
Ша деанчу хӀуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагӀин цӀий тухучу динан дена дуьсу иза.
15
Баркаллина даьккхинчу бертан сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хӀумма а Ӏуьйренга далийта мегар дац.
16
Нагахь цхьаммо сагӀа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагӀин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгӀачу дийнахь а даа мегар ду.
17
Ткъа сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийне далахь, иза цӀера тӀехь даго деза.
18
Нагахь цхьаммо цу сагӀин жижиг кхоалгӀачу дийнахь даахь, и сагӀа къобал хир дац. СагӀа даьккхинчунна цхьа а шапаӀат хир дац иза бахьанехь, хӀунда аьлча и сагӀа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо.
19
Нагахь цу сагӀин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хӀуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цӀера тӀехь даго деза. Далла хьалха муьлххачу а цӀеначу стага бертан сагӀин жижиг даа мегар ду.
20
Нагахь Далла хьалха цӀена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагӀин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза.
21
Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цӀена йоцучух — адамах я дийнатах, я текхаргех — а хьакхавелла, бертан сагӀин жижиг даа хӀоттахь, иза шен халкъана юкъара дӀаваккха веза».
22
Везачу Эло Мусага элира:
23
«ДӀаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагӀан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа.
24
Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гӀуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац.
25
Везачу Элана леринчу сагӀина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву.
26
Миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш.
27
Цхьаммо и цӀий даахь, иза шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву“».
28
Везачу Эло Мусага элира:
29
«ДӀаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагӀа доккхуш волчо цу сагӀин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза.
30
Шен куьйгашца цӀера тӀехь доккху сагӀа схьадан деза цо. Шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тӀера жижиг.
31
Мохь динан дас кхерча тӀехь ягор ю, ткъа некха тӀера жижиг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дуьсур ду.
32
Бертан сагӀанах долу дийнатан аьтту гӀогӀ совгӀатна динан дена дӀадала деза.
33
АхӀаронан кӀентех бертан сагӀа, цӀий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дӀадала деза аьтту гӀогӀ.
34
ХӀунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагӀанах шатайпа сагӀина луш долу некхан жижиг а, совгӀатна луш долу аьтту гӀогӀ а, схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дӀадала дезаш ду.
35
Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех долу дакъош ду уьш, АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а луш долу, Везачу Элана динан гӀуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна.
36
Везачу Эло тӀедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тӀе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тӀедиллина ду“».
37
Иштта бу дийнаташ дагоран а, кӀен а, къинах долу а, гӀуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагӀанех лаьцна болу хьехам.
38
Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тӀехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагӀанаш даха аьллачу хенахь.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27