bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 13
Leviticus 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 14 →
1
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
2
«Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза.
3
Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду.
4
Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза.
5
ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг.
6
ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву.
7
Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза.
8
Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
9
Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза.
10
Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь,
11
иза дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дӀакъасто ца веза, хӀунда аьлча иза, массарна а гуш, цӀена вац.
12
Нагахь чкъуран цамгар коьрта тӀера когашка кхаччалц цомгушчун дегӀа тӀехула дӀасаяржахь, динан ден бӀаьргаша схьалоццучул,
13
динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегӀ дерриг а цамгаро дӀалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цӀена ву эр ду. ХӀунда аьлча цомгушчун дегӀ кӀайн ду — иза цӀена ву.
14
Ткъа цуьнан дегӀа тӀехь жижиг гучудалахь, иза цӀена хир вац.
15
Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цӀена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
16
Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кӀайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза.
17
Динан дас, дегӀе а хьаьжна, даӀ кӀайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
18
Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь сурх а яьлла, иза дӀайирзинехь,
19
ткъа иза хиллачохь кӀайчу басахь дестар я цӀегӀо-кӀайн томмагӀа делахь, иза динан дена тӀеван веза.
20
ДаӀ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тӀера чоьш кӀай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даӀ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу.
21
Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
22
Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю.
23
Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
24
Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь,
25
цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.
26
Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
27
ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.
28
Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.
29
Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь,
30
динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу.
31
Цу цамгаран доӀе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тӀера чоьш Ӏаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.
32
ВорхӀалгӀачу дийнахь доӀе а хьаьжна, нагахь чераш дӀаса а ца даьржинехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даӀ чкъурана чудахна а дацахь,
33
цомгушчун месаш дӀаларга еза. Амма даӀ долу меттиг Ӏадйита еза. Динан дас шолгӀа а дӀакъасто веза цомгушниг ворхӀ денна.
34
ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даӀ дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цӀена хир ву.
35
Нагахь стагана, ша Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, чераш дегӀа тӀехула дӀасадаржахь,
36
динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даӀ чкъурана чу даханехь, доӀа тӀехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цӀена вац.
37
Нагахь даӀ ша ма-дарра а долуш, цу тӀехь Ӏаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дӀаяьлла, стаг цӀена ву. Динан дас иза Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.
38
Нагахь стеган я зудчун дегӀа тӀехь кӀайн томмагӀаш хилахь,
39
динан дена церан догӀмаш тӀехь кӀайн-мокха томмагӀаш гахь, иза дегӀа тӀе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цӀена ду.
40
Нагахь цхьаннан коьрта тӀера месаш дӀаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву.
41
Нагахь стеган коьрта тӀера хьалхара агӀор месаш дӀаевллехь, и стаг кӀунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цӀена ву
42
Нагахь чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа хилахь, коьрта тӀехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю
43
Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кӀунзал болчу коьрта тӀера цӀегӀо-кӀайчу даӀан дестар дегӀа тӀехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доӀах тера хилар гахь,
44
цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цӀена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхо деза, стеган коьрта тӀехь даӀ ду аьлла.
45
Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тӀера бедарш этӀийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тӀе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦӀена вац! ЦӀена вац!“ — бохуш, мохь бетта беза цо.
46
Ерриг а хенахь, цунна тӀехь цамгар мел ю, иза цӀена вац. Иза дӀакъаьстина Ӏан веза».
47
«Нагахь бедарна тӀехь доӀан томмагӀа хилахь, — тӀергӀан я ветанан бедарна,
48
я кӀадина тӀехь, я тӀаьрсигана тӀехь, я тӀаьрсигах йинчу хӀуманна тӀехь иза делахь, —
49
ткъа цу тӀехь долу и томмагӀа баьццарчу я цӀечу басахь хилахь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза.
50
Динан дас, даӀан томмагӀе а хьаьжна, бехйина хӀума ворхӀ денна дӀакъастор ю
51
ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хӀумане. Нагахь даӀан томмагӀа бедарна тӀехь, я тӀергӀан я ветанан кӀади тӀехь, я тӀаьрсига тӀехь — цуьнан Ӏалашо мухха елахь а — дӀасадаьржинехь, иза кхерамечу доӀан томмагӀа ду. И хӀума цӀена яц.
52
Динан дас шена тӀехь томмагӀа йолу и бедар, я тӀергӀан я ветанан долу кӀади, я тӀаьрсигах йина хӀума яго еза, хӀунда аьлча цунна тӀехь долу доӀан томмагӀа кхераме ду. И хӀума цӀера тӀехь яго еза.
53
Нагахь динан дена доӀан томмагӀа бедарна тӀехула а, я кӀадина тӀехула а, я тӀаьрсиган хӀуманна тӀехула а дӀаса ца даьржинийла гахь,
54
цо доӀан томмагӀа тӀехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хӀума шолгӀа а дӀакъастор ю ворхӀ денна.
55
Бехйина бедар йиттинчул тӀаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тӀехь долу доӀан томмагӀа я хийцаделла а, я дӀасадаьржина а цахилар гахь, иза цӀена яц. Иза яго еза — доӀан томмагӀа бедаран тӀехуларчу я бухаларчу агӀонна тӀехь делахь а.
56
Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тӀера доӀан томмагӀа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагӀа долу дакъа цо бедарна, я тӀаьрсигана, я кӀадина тӀера схьадаккха деза.
57
Нагахь доӀан томмагӀа юха а бедарна я кӀадина, я муьлххачу а тӀаьрсиган хӀуманна тӀехь гучудалахь, иза дӀасадаьржаш долу доӀан томмагӀа ду. Шена тӀехь доӀан томмагӀа мел долу бедар яго еза.
58
Нагахь бедар я кӀади, я муьлхха а тӀаьрсиган хӀума йиттича, цунна тӀера доӀан томмагӀа лаьттина меттиг цӀанлахь, и хӀума кхин цкъа а йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ю».
59
Иштта ду, тӀергӀан я ветанан бедарна я кӀадина тӀе, я муьлххачу тӀаьрсиган хӀуманна тӀе доӀан томмагӀа даьлча, иза цӀена я боьха хиларх долу тӀедиллинарг.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27