bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 5
Leviticus 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 6 →
1
«Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.
2
Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.
3
Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.
4
Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега — башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу.
5
Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна.
6
Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду.
7
Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.
8
И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац.
9
Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду.
10
ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.
11
Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду.
12
Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тӀехь дагор ду кхачанан сагӀа санна.
13
Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагӀа даьккхича дисина дама динан дена догӀуш ду, кӀен сагӀа а хилла».
14
Везачу Эло Мусага элира:
15
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догӀуш дерг дӀа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тӀера. Коьман мах дато шекхал ахча хӀотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гӀуда такхаран сагӀина лерина.
16
Цо ша хӀинццалц ца делларг дӀадала деза. ДӀадала дезачунна тӀе пхоьалгӀа дакъа а тоьхна, иза динан дега дӀадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду. Цо гӀуда такхаран сагӀа а лерина, ка схьаоьцур бу, тӀаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.
17
Нагахь санна стага Везачу Эло тӀедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а.
18
Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гӀуда такхаран сагӀина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала а гечдийр ду цунна.
19
Везачу Элана дуьхьал даьллачу хӀуманна а стаг бехке ву, цундела цо гӀуда такхаран сагӀа даккха деза».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27