bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 3
Leviticus 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 4 →
1
«Нагахь цхьаммо, бертан сагӀа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, — Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза.
2
Шен куьг бежанан коьрта тӀе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагӀа доккхучо. Динан дай болчу АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цӀий тоха деза.
3
Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,
4
ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
5
АхӀаронан кӀенташа цӀерана тӀе техкинчу дечигашна тӀехь долчу дийнаташ дагоран сагӀанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тӀехь. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
6
Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагӀа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо.
7
Нагахь сагӀина балийнарг уьстагӀ белахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто беза.
8
Дийнатан коьрта тӀе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхӀаронан кӀенташа сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе цуьнан цӀий тоха деза.
9
Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: мохь а, букъан даьӀахка тӀекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тӀера а мохь,
10
ший жим а, царна тӀера юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
11
Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду.
12
Нагахь стага сагӀина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хӀотто еза.
13
Цунна тӀе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхӀаронан кӀенташа газанан цӀий сагӀа доккхучу кхерчан массо а агӀонна тӀе тоха деза.
14
Цу бертан сагӀанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагӀа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тӀера а ерриг а мохь,
15
ший жим а, юкъа тӀехь йолу мохь а, доӀаха тӀера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза).
16
Динан дас сагӀа доккхучу кхерча тӀехь яго еза уьш. Иза цӀера тӀехь даьккхина кхачанан сагӀа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и. Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза.
17
Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27