bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 8
Leviticus 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 9 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«АхӀарон а, цуьнан кӀентий а схьабалабе, царна тӀеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагӀа даккха старгӀа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да,
3
гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде».
4
Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира.
5
Мусас элира нахе: «ХӀара ду Везачу Эло кхочушдан тӀедиллинарг».
6
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас.
7
АхӀаронна тӀе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тӀехула оба юьйхира Мусас, юха тӀе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхӀаронна тӀехь ийпад а чӀагӀйира цо.
8
Цунна тӀе некха хьалха уллуш болу беза тӀоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цӀераш йолу ши тӀулг биллира Мусас.
9
АхӀаронан коьрта тӀе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агӀор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
10
Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тӀе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас.
11
ВорхӀазза сагӀа доккхучу кхерча тӀе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гӀирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тӀе даьтта доьттира уьш къобалъян.
12
АхӀаронан коьрта тӀе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама.
13
АхӀаронан кӀентий схьа а балийна, царна тӀе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тӀе кӀадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
14
Къинан сагӀина лерина старгӀа схьаялийра Мусас. Юха АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
15
СтаргӀина урс а хьаькхна, шен пӀелгаца схьаэцна цӀий кхерчан маӀех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цӀанбира цо. Юха, дисина цӀий кхерчан буха тӀе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цӀена хилийта.
16
Бежанна чуьра ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тӀехь багийра Мусас.
17
Ткъа старгӀанах йиснарг — цуьнан неӀ а, жижиг а, боьхаллаш а — меттаматтал арахьа а яьхна, цӀера тӀехь ягийра цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.
18
Дийнаташ дагоран сагӀина ка схьабалийра Мусас. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
19
Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий массо а агӀор сагӀа доккхучу кхерчана тӀе туьйхира Мусас.
20
20-21 Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка — корта а, дакъош а, мохь а — кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цӀера тӀехь даьккхина сагӀа дара иза, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.
21
***
22
Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхӀарон вазварна лерина бара. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а коьман коьрта тӀе куьйгаш дехкира.
23
Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цӀий, жимма схьаэцна, АхӀаронан аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьаькхира Мусас.
24
АхӀаронан кӀентий тӀе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тӀе а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а цӀий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агӀор дисна цӀий туьйхира цо.
25
Мохь а, дума а, чоконна тӀера ерриг мохь а, доӀаха тӀера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гӀогӀ а схьаийцира Мусас.
26
Везачу Элана хьалха хӀоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гӀогӀана а тӀе диллира Мусас.
27
АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а куьйгашна тӀе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаайийтира цо.
28
Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цӀера тӀехь даьккхина, вазваран сагӀа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю.
29
Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайира Мусас. АхӀарон вазваран сагӀина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тӀе-ма-диллара.
30
Къобалдаран даьтта а, кхерча тӀера цӀий а, жимма схьа а эцна, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а, АхӀаронан кӀенташна а, церан бедаршна а тӀе туьйхира Мусас. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, церан бедарш а къобалйира цо.
31
АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тӀедиллина ма-хиллара: „АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а даа деза иза“.
32
Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цӀера тӀехь ягае.
33
ВорхӀ дийнахь гуламан четарна хьалхара дӀа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хӀунда аьлча шун даздар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.
34
Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тӀедиллина дара, аша латийна къа дӀадаккхархьама.
35
Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Ӏийр ду шу ворхӀ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хӀаллак ца хилийта. Иштта иза тӀедиллина суна Везачу Эло».
36
АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Везачу Эло Мусагахула тӀедиллинарг кхочушдира.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27