bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 27
Leviticus 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь,
3
бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина.
4
Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу.
5
Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.
6
Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу.
7
Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.
8
Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.
9
Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду.
10
Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду.
11
Нагахь далийна бежана Далла хьалха цӀена а доцуш, Везачу Элана сагӀина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тӀе.
12
Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза.
13
Нагахь цхьаъ иза юхаэца гӀерташ велахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетохийта цуьнга.
14
Нагахь цхьаъ шен цӀа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цӀийнан мах.
15
Нагахь цу стагана шен цӀа юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха цӀа цуьнан хир ду.
16
Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дӀаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тӀехь пхи гали мукх дӀабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу.
17
МеттахӀотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хӀоттийнарг хир бу.
18
Нагахь меттахӀотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тӀедогӀучу меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хӀотто беза динан дас.
19
Ша дӀаделла кха стагана юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха латта цунна дуьсур ду.
20
Нагахь цо дӀа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц.
21
МеттахӀотторан шарахь и кха дӀахецча, иза Далла дӀакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.
22
Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дӀаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь,
23
динан дас, МеттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дӀабала безаш бу цу стага — и ахча Везачу Элана дӀакъастийна хир ду.
24
МеттахӀотторан шарахь хьалха хиллачу хӀусамден — латта доьхкинчу стеган — дола юхадоьрзу и латта.
25
Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер хила еза.
26
Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хӀунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагӀ белахь а, бож елахь а — Везачу Элан ду иза.
27
Даьхни хьарам делахь, ахь хӀоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хӀоттийначу мехах дӀадохка мегар ду иза.
28
Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг — я адам, я даьхни, я кха — духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац.
29
Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац — уьш дайа дезаш ду.
30
Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац.
31
УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза.
32
Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза.
33
Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».
34
ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27