bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Leviticus 19
Leviticus 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 20 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.
3
ХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.
4
ЦӀушна тӀе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.
5
Веза Эла волчу Суна бертан сагӀа шаьш даьккхича, шуна тӀера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза.
6
Шаьш сагӀа даьккхинчу дийнахь а, шолгӀачу дийнахь а даа иза, кхозлагӀчу дийне даьлларг цӀергахь дагаде.
7
КхозлагӀчу дийнахь и сагӀа даа мегар дац, иза Суна хьалха цӀена а дац, Со цунна реза а хир вац.
8
Иза диинчо жоп дала деза, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дӀакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
9
Шайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде.
10
Шайн кемсийн бешара тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тӀебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.
11
Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де.
12
Хьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.
13
Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хӀума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТӀелаьцна болх биначунна йогӀу ял сахиллалц цунна ца луш ма Ӏе.
14
Къорачунна сардам ма болла, бӀаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хӀума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.
15
Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна.
16
Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
17
Дага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама.
18
Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
19
Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.
20
Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гӀарбашца дӀавижахь, и зуда паргӀатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таӀзар дан догӀу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хӀунда аьлча зуда паргӀатъяьккхина яц.
21
Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре гӀуда такхаран сагӀа даккха ка бало беза.
22
Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дӀадоккхур ду, цуьнгара гӀуда такхаран сагӀина балийна ка а бийна. ТӀаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.
23
Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догӀа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цӀена а ма лара, уьш баа а ма баа,
24
ткъа доьалгӀачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагӀанашна дӀабала беза.
25
ПхоьалгӀачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.
26
Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.
27
Гиччош долчуьра шайн месаш дӀа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга.
28
Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.
29
Нахаца а лелийтий, шайн йоӀан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дӀасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу.
30
Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.
31
Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
32
Воккха стаг чуваьлча, хьалагӀовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.
33
ТӀевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе.
34
Шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. Со шун Веза Дела ву.
35
Кхел ечохь а, хӀуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хӀума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае.
36
Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со.
37
Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27