bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 1
Luke 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
1
Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира.
2
Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха.
3
И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан,
4
айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.
5
ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла.
6
И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.
7
Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.
8
Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан.
9
Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго.
10
Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан.
11
Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза.
12
Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира.
13
Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю.
14
Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна.
15
ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.
16
Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо.
17
Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».
18
Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».
19
Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со.
20
ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».
21
Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш.
22
Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла.
23
Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира.
24
Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза.
25
Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо».
26
Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала
27
Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.
28
Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»
29
И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш.
30
Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина!
31
Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь.
32
Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,
33
гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
34
«Иза муха хир ду, — хаьттира Марема, — со хӀинца а йоӀстаг ма ю?»
35
Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду.
36
Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу.
37
Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!»
38
«Со Делан лай ю, — элира Марема, — ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра.
39
Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.
40
Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо.
41
Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира.
42
Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!
43
Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна?
44
Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира.
45
Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»
46
ТӀаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,
47
Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
48
хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо! ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
49
хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гӀуллакхаш дина дела. Цуьнан цӀе еза ю!
50
Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!
51
Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
52
паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.
53
Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.
54
54-55 Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».
55
***
56
Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара.
57
Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира.
58
Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.
59
БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.
60
Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду».
61
Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!»
62
Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла.
63
Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю».
64
Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира.
65
Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара.
66
Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» — бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.
67
Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:
68
«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.
69
Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,
70
Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.
71
Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а, вай цадезачеран куьйгех а.
72
Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина —
73
вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо. Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,
74
вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,
75
дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.
76
Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,
77
Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.
78
Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,
79
Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».
80
Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24