bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 21
Luke 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
1
Ӏийсана гира хьалдолчу наха Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина чу сагӀина хӀума луш.
2
Цхьа йисина Ӏаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цӀестан ахча охьадиллира.
3
«Бакъдерг боху шуьга, — элира Ӏийсас, — хӀокху йисина Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.
4
Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хӀумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина».
5
Цхьаболчу Ӏийсан мурдаша тидам бира Делан цӀа дезачу мехалчу тӀулгех а, Далла деанчу совгӀатех а кечдина хилар. Амма Ӏийсас элира:
6
«Цхьа хан йогӀур ю, хӀара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
7
Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХӀун билгало хир ю и хиндерг тӀекхачаран?»
8
Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, — бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш.
9
ТӀемах я гӀаттамах шайна хӀума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц».
10
Ӏийсас кхидӀа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу.
11
МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хӀуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю.
12
Амма и хӀуманаш хилале, шу дӀа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цӀеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дӀа а луш, лелор ду шу.
13
ТӀаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун.
14
Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш.
15
Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн.
16
Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагӀаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух.
17
Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу.
18
Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тӀера цхьа мас а галъер яц.
19
Собаре хилахь, шайн синош кӀелхьардохур ду аша».
20
«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.
21
ТӀаккха ЯхӀуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гӀалахь берш цу чуьра арабовла беза, гӀалина арахь берш чу ца богӀуш совца беза,
22
хӀунда аьлча уьш „таӀзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама.
23
Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тӀе, Дела оьгӀазгӀур ву кху халкъана.
24
Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дӀаяллалц».
25
«Малха тӀехь, батта тӀехь, седарчаш тӀехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хӀордан тулгӀенийн гӀовгӀано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду.
26
Лаьтта тӀе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела.
27
ТӀаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тӀехула вогӀу Адамийн КӀант“.
28
И хила доьлча, хьала а гӀовттий, шайн кортош хьалаайа, хӀунда аьлча шун кӀелхьардахар герга кхаьчна».
29
Ӏийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а.
30
Царна тӀе гӀаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.
31
Иштта ду кхузахь а, и хӀуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
32
Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а.
33
Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
34
«Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу,
35
цӀеххьана цхьаъ лаца йинчу кӀелоно санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тӀекхочур ду и де.
36
Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».
37
Дийнахь Ӏийсас Делан цӀа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тӀе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура.
38
Ӏуьйранна хьалххе Цуьнга ладогӀа адамаш догӀура Делан цӀа лаьттачу керта.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24