bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 22
Luke 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
1
Шех «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де дара тӀекхочуш.
2
Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а аьтто лоьхуш бара Ӏийса хӀаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура.
3
ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара.
4
Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашна а тӀе а вахана, Ӏийса царна дӀаваларх лаьцна къамел дира.
5
Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан.
6
ЯхӀуд иза схьаэца реза хилира. Ӏийса царна дӀавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь.
7
Совсазчу баьпкан деза де тӀекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Ӏахар бен безаш бара — яа хӀума кечъян.
8
Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», — аьлла.
9
«Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» — аьлла, хаьттира цара.
10
Цо элира: «ГӀала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогӀу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тӀаьххье иза вахханчу цӀа чу гӀо.
11
ХӀусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“
12
Цо шуна лакха тӀехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш».
13
Цара, дӀа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира.
14
Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира.
15
Ӏийсас элира цаьрга: «Сайн бала тӀелацале, хӀара Пасахьан Ӏахар чӀогӀа шуьца баа лиънера Суна.
16
Ас боху шуьга: хӀара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц».
17
Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хӀара.
18
Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тӀекхаччалц».
19
Цо, бепиг схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дӀаделира: «Сан дегӀ ду хӀара, шун дуьхьа дӀалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш».
20
Шаьш пхьор диина девлча, Ӏийсас, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Ӏанор долчу Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара.
21
Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тӀехь.
22
Адамийн КӀантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг».
23
ТӀаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Ӏийсана ямарта верг мила ву бохуш.
24
Цул тӀаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла.
25
Ӏийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тӀехь олалла до, Ӏедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета,
26
амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг — ялхо санна хила.
27
Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тӀеяхьаш, гӀуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву.
28
Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла,
29
Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара.
30
Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тӀехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшор ду Ас».
31
Везачу Эло элира: «Ва ШамӀа! Иблис шу, кӀа санна, дӀасакхийсина хила лууш ду,
32
амма хьох Ас доӀа дина, хьан Делах тешар лагӀ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тӀе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чӀагӀделахь».
33
Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» — аьлла.
34
Амма Ӏийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Ӏуьйранна нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла».
35
Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тӀоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хӀумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», — элира цара.
36
«ХӀинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тӀоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца.
37
Яздина ду: „Иза зуламхойх дӀатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хӀинца кхочушхуьлуш ду».
38
Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», — аьлла. «Тоьар ду цунах лаьцна», — жоп делира Ӏийсас.
39
Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тӀе вахара Ӏийса. Мурдаш а бахара Цуьнца.
40
Шаьш дӀакхаьчча, Ӏийсас элира: «ДоӀа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
41
Ша а царна тӀулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доӀа дан хӀоьттира:
42
«Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
43
Стигалара деанчу малико дог чӀагӀдира Цуьнан.
44
Халачу хьолехь кхин а чӀогӀа доӀа дан хӀоьттира Ӏийса. Цуьнан хьацар, цӀийн тӀадамаш санна, лаьтта оьгура.
45
ДоӀа дина а ваьлла, мурдашна тӀевахара Иза. ГӀайгӀано дог дохийна, гӀелбелла, бийшина Ӏохкуш карийра Цунна уьш.
46
«Шу дийшина хӀунда Ӏохку? — хаьттира Ӏийсас — ХьалагӀовтта, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта».
47
Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара — Цунна барт баккха.
48
Ӏийсас хаьттира: «ЯхӀуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КӀантана?»
49
Ӏийсаца болчара, гӀуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» — аьлла.
50
Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира.
51
Амма Ӏийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Ӏоьттина, лерг тодира цу стеган.
52
Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу!
53
ХӀора дийнахь шайца Со Делан цӀийнан кертахь волуш, Суна тӀе куьг ма ца ойура аш. Амма хӀинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан».
54
Цара Ӏийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цӀа чу вигира. Кипа, царна гено тӀаьхьа а хӀоьттина, вахара.
55
Гулбелларш, кертахь цӀе а латийна, бохлуш хевшина Ӏаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Ӏаш.
56
Цхьана йоӀана-ялхочунна гира иза цӀера юххехь Ӏаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца».
57
Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза».
58
Жимма тӀаьхьо цхьаммо, хӀара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХӀан-хӀа, вац», — жоп делира Кипас.
59
Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тӀедожош, элира: «ХӀара билггала хилла Ӏийсаца, хӀунда аьлча хӀара а галилайхо ву».
60
Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хӀун дуьйцу ца хаьа суна», — аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нӀаьна кхайкхира.
61
Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тӀе хьаьжира. ТӀаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нӀаьна кхайкхале, Со кхузза дӀатосур ву ахь».
62
Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира.
63
Ӏийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара.
64
Цара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?»
65
Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хӀуманаш дуьйцура цара.
66
Ӏуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Уьш болчу валийра Ӏийса.
67
«Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», — бохура цара. Ӏийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац.
68
Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац.
69
Амма хӀинца дуьйна дӀа Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтту агӀор хиъна Ӏийр ву».
70
Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КӀант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву».
71
ТӀаккха цара элира: «Кхин хӀун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24