bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 3
Luke 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
1
Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш,
2
динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира.
3
Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», — бохуш.
4
Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
5
ХӀора тогӀи хьалаюзур ю, хӀора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.
6
Массарна а гур ду Дала адамаш кӀелхьардахар!“»
7
Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?
8
Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, — алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.
9
Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».
10
«Ткъа хӀун де оха?» — бохуш хоьттура наха.
11
Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
12
Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! — хоьттура цара, — оха хӀун дан деза?»
13
«Нахера совнаха ял ма яккха», — бохура цо цаьрга.
14
ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».
15
Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?»
16
Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу.
17
Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
18
Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс.
19
Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а.
20
ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
21
Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира — стигал еллаелира.
22
Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»
23
Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара, ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,
24
Ӏела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан,
25
Юсуп Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагӀайн,
26
НагӀай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхӀун, Маттит-ЯхӀу ШамӀин, ШамӀа Юсахан, Юсах Йовдин,
27
Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,
28
Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Ӏелмадин, Ӏелмади Ӏаьран,
29
Ӏаьр ЮшаӀан, ЮшаӀ ЭлиӀазаран, ЭлиӀазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин,
30
Леви ШимӀин, ШимӀа ЯхӀудан, ЯхӀуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман,
31
Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан,
32
Дауд Юшаян, Юшай Ӏабадин, Ӏабади БоӀазан, БоӀаз Салманан, Салман Нахьшонан,
33
Нахьшон Ӏамминадабан, Ӏамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхӀудан,
34
ЯхӀуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахӀиман, ИбрахӀим ТӀахьиран, ТӀахьир Нахьиран,
35
Нахьир СерагӀан, СерагӀ Рахьун, Рахьу ПалагӀан, ПалагӀ Ӏебаран, Ӏебар Селахьан,
36
Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакӀан,
37
ЛемакӀ Матушалахьан, Матушалахь ХӀанохан, ХӀанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман,
38
Къаим Эношан, Энош ШатӀин, ШатӀа Адаман, ткъа Адам — Делан кӀант вара.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24