bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 7
Luke 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 8 →
1
ЛадугӀуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Ӏийса Къапарнам-гӀали чу вахара.
2
Цигахь цхьа римхойн эскарера тӀемалойн хьаькам вара Ӏаш. Оцу хьаькаман цунна чӀогӀа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Ӏуьллуш вара.
3
Ӏийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кӀелхьарваккхахьара аьлла.
4
Баккхий нах, Ӏийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хӀиттира: «И хьаькам Ахь гӀо дан хьакъ ву.
5
Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цӀа а дина», — аьлла.
6
Ӏийса цаьрца и хьаькам Ӏаш волчу вахара. ЦӀенна хӀорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Ӏийсага дӀаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кӀел ван.
7
ХӀунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара.
8
Иза суна дика хаьа, хӀунда аьлча суна тӀехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тӀемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дӀавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогӀу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гӀуллакх до».
9
Оцу дешнашка ла а доьгӀна, чӀогӀа цецваьллачу Ӏийсас, юха а вирзина, Шена тӀаьхьа богӀучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар».
10
Хьаькамо бахкийтина нах цӀа баьхкича, ялхо товелла карийра царна.
11
Цул тӀаьхьа дукха хан ялале Ӏийса Наин цӀе йолчу гӀала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига.
12
Оцу гӀалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гӀали чуьра велла кӀант вахьаш богӀуш бара. И велларг йисина Ӏачу зудчун цхьаъ бен воцу кӀант вара. Оцу зудчуьнца гӀалара схьадогӀуш дукха адам дара.
13
И зуда гина, цунах чӀогӀа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» — аьлла.
14
Юха тӀевахана барамах куьг Ӏоьттира Цо. Барам бахьаш богӀу нах севцира. Ӏийсас элира: «КӀант, хьоьга боху Ас: хьалагӀатта!»
15
Велларг, ден а велла, кӀегар а хиина, вистхилира. Ӏийсас иза нене дӀавелира.
16
Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».
17
Ӏийсах лаьцна и хабар берриг ЯхӀуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дӀасадаьржира.
18
Яхьъян мурдаша дийцира цунна Ӏийсас динчух лаьцна.
19
Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» — аьлла.
20
Вахийтинчу шиммо, Ӏийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ — аьлла».
21
Оцу хенахь Ӏийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бӀаьрзечарна бӀаьрса а лора.
22
Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гӀой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.
23
Декъала ву Сох шек воцург».
24
Яхьъяс бахкийтина нах дӀабахча, Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?
25
ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу.
26
Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.
27
Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“
28
Ас боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.
29
Яхьъяга ладугӀуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тӀехь, Делан лаам тӀе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира.
30
Амма парушхошна а, Ӏеламчу нахана а, Делан лаам тӀе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира.
31
Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш?
32
Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“
33
Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагӀар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“.
34
Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву“, — олура.
35
Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха».
36
Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Ӏийсага. Ӏийса, и парушхо волчу а вахана, хӀума юучу меттехь дӀатаьӀна, агӀорваьлла Ӏара.
37
Оцу гӀалахь вон цӀе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Ӏийса парушхо волчохь хьошалгӀахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогӀуш долу, дегӀан меженашна хьокху даьтта а дахьаш.
38
Ӏийсана тӀехьа, когашка дӀа а хӀоьттина, йоьлхуш, бӀаьрхиш Цуьнан когаш тӀе а Ӏенош, юха шен ехачу месашца уьш дӀа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тӀе хаза хьожа йогӀу даьтта дуьттура цо.
39
И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».
40
Юха Ӏийсас элира цуьнга: «ШамӀа, хьоьга цхьа хӀума ала лаьа Суна». Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» — аьлла.
41
«Цхьана стеган ши декхархо хилла, — волавелира Ӏийса. — Цхьаъ пхи бӀе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт.
42
Я цхьаннан, я шолгӀачун дӀадала ахча ца хилла. ТӀаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?»
43
ШамӀас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», — аьлла. «Нийса боху ахь», — элира Ӏийсас.
44
ТӀаккха, зудчуьнгахьа дӀа а вирзина, Цо ШамӀе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бӀаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра.
45
Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю.
46
Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тӀе деза, хаза хьожа йогӀу даьтта дуьтту.
47
Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кӀезиг гечдинчо кӀезиг безам гойту».
48
Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина».
49
Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»
50
Ӏийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кӀелхьаръяьккхина хьо. ДӀаяло хьайна маьрша».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24