bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Luke 12
Luke 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 13 →
1
Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тӀеттӀатеӀара уьш. Ӏийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах — шалхаллех ларлолаш.
2
Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
3
Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цӀа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тӀера кхайкхор ду».
4
«Ас боху шуьга, Сан доттагӀий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегӀ хӀаллакдарал сов цуьнга кхин хӀумма а далур дац.
5
Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цӀерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера!
6
Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла.
7
Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!»
8
Кхин дӀа а Ӏийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КӀанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву,
9
амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Делан маликашна хьалха.
10
Адамийн КӀантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
11
Шаьш гуламан цӀа чу, я хьаькамашна, я Ӏедална тӀе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а,
12
Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Ӏамор ду шуна».
13
Нахана юкъара цхьана стага элира Ӏийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» — аьлла.
14
«ЛадогӀахьа, Со хьан хӀоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» — хаьттира цуьнга Ӏийсас.
15
Цул тӀаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БӀаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а».
16
ТӀаккха Цо цхьа хьекъале хӀума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла.
17
„Ас хӀун дан деза? — ойла йина цо. — Сан хӀара ялта чудилла меттиг ма яц“.
18
Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дӀа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хӀума а хоьур ю.
19
ТӀаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даӀа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“.
20
Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ — аьлла.
21
Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хӀоранна а изза хир ду».
22
ТӀаккха Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегӀан дуьхьа духарна са ма гатде.
23
ХӀунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегӀ ду.
24
ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!
25
Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга?
26
Оццул кӀезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш?
27
Ойла ел, муха кхуьуш ду петӀамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кӀадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.
28
Нагахь тахана тӀедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кӀезиг тешаш дерш?!
29
Цундела ма леха яа а, мала а шайна хӀун хир ю — цунна са ма гатде.
30
Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.
31
Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду».
32
«Ма кхера, шу кӀезиг а, гӀийла а делахь а, шуна тӀехь Ӏу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла.
33
Шайн бахамаш дӀа а бухкуш, мискачарна сагӀа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тӀе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц.
34
Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду».
35
«Юкъ а ехкий, гуттар а гӀуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта,
36
зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хӀусамда цӀа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХӀусамдас, цӀа а веана, неӀ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дӀаелла кийчча хир бу уьш.
37
Декъала бу, хӀусамда цӀа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тӀе а дахьаш, царна гӀуллакх дийр ду.
38
Декъала бу, шена гӀуллакх дан кийча а болуш, хӀусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тӀехъяьлча иза цӀа веача а.
39
Амма хаалаш, нагахь санна хӀусамдена къу маца вогӀур ву хууш хиллехь, цо шен цӀа чохь къола дойтур дацара.
40
Шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
41
ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» — аьлла.
42
Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цӀа чохь: иза, хӀусамдас вукху ялхошна тӀехь куьйгалла дан а хӀоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву.
43
Декъала ву иза, шена тӀедиллина гӀуллакх деш а волуш, цуьнан хӀусамда цӀа кхаьчча.
44
Бакъдерг боху шуьга: хӀусамдас иза берриг шен бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву.
45
Амма, масала, и ялхо: „Сан хӀусамда кеста цӀа вогӀий ца хаьа“, — аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Ӏийр ву.
46
Цунна дагахь а доцучу, иза цӀа варе ца хьоьжучу хенахь, хӀусамда цӀа кхочур ву. ХӀусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду.
47
Шен хӀусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гӀиртинчу ялхочунна чӀогӀа еттар ю,
48
ткъа ларамаза гӀалат даьллачунна кӀезиг таӀзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хӀума шех тешна дитинчунна тӀехь доккха декхар ду».
49
КхидӀа а Ӏийсас бохура: «Со дуьнен чу цӀе таса веана, хӀинцале и цӀе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна!
50
Амма баланийн хӀордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна!
51
Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХӀан-хӀа! — боху Ас шуьга, — Декъадалар дахьаш веана!“
52
ХӀинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву.
53
Да — кӀантана дуьхьал, кӀант дена дуьхьал, нана йоӀана дуьхьал, йоӀ — нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю».
54
Юха Ӏийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догӀа догӀур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу.
55
Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу.
56
Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хӀунда ца хаьа шуна?»
57
«Шайна гӀолехь долчун ойла хӀунда ца йо аш?
58
Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хӀунда аьлча цо шу кхелахочунна тӀе далор ду, кхелахочо гӀароле дӀалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду.
59
Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24